ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтин чоьтан тIера 4 эзар доллар Бостонехь йиначу терактехь зе хиллачарна дIало алар къовсуш ву Царнаев


США, Бостон. Бостонан марафонехь динчу эккхийтарна гена доццучохь йолчу туьканахь экрана тIера Царнаев Джохаран сурт
США, Бостон. Бостонан марафонехь динчу эккхийтарна гена доццучохь йолчу туьканахь экрана тIера Царнаев Джохаран сурт

2013-чу шарахь Бостонехь марафон йоьдучу хенахь теракт йарна вен кхел кхайкхийна волу Царнаев Джохаран адвокат къовсуш ву прокурораша Царнаевн набахтин чоьта тIехь долу 4224 доллар терактехь бохам хиллачарна дIало аьлла бина сацам.

Адвокатан дехарехь билгалдаьккхина ду, оцу чоьтан тIера ахча Царнаевс “гулдеш, дIаса кхуьссуш” ца хилар а, цо иза хьажадо аллергина дуьхьал молханаш а, белхан бедарш а, йуург, марканаш а ишта кхин йолу оьшу хIуманаш оьцуш бен, хаам бо The Boston Herald.

Цо баттахь 25 доллар доккху, санитаран цIанончан декхарш кхочуш деш, терактехь зе хиллачарна кхоьллинчу чоьта тIе баттахь дIало 35 доллар, кхело тIедожийнарг ду дерриге а 101 миллион доллар. Карарчу хенахь дерриг а лерича Царнаевс дIаделларг ду 2600 доллар гергга.

Бостонан прокуратурин хаамашца, Царнаевна сагIина кхаьчнарг ду 26 эзар доллар гергга ахча – и ахча кхочу цуьнан йижарашкара а, юристашкара а, ишта бевзаш боцчу нахера а.

2022-чу шеран дечкен-баттахь хаам бира, Массачусетсан прокуроран лаамца Бостонера кхело сацам тIеийцира пандеми йолчу хенахь делла 1400 доллар федералан пособи дIадаккха. И ахча терактехь зе хиллачарна дIалур ду.

  • 2013-чу шеран охан-беттан 15-чохь Бостонерчу марафонехь динчу эккхийтарехь вийра кхо стаг, чевнаш йира 260 сов вахархочунна. Суьдхоша тIечIагIдира, Нохчийчуьра схьаваьллачу ЦарнаевгIеран шина вашас Тамерлана а, ДжовхIара а теракт йина хилар. Полицица хиллачу кхийсаршкахь вийра Царнаев Тамерлан. Колорадо штатерчу леррина ларъечу набахтехь латтош ву Царнаев ДжовхIар. Бехк цо тIелаьцна.
  • 2015-чу шарахь бехккъасторхоша иза вуьйш кхел кхайкхийра. Оцу юкъанна адвокаташа чIагIдора, теракт динчу Бостонехь шаьш Iалашвечун дов нийсонца хаьттина дац, бохуш. ЛадегIарщ кхечу гIала дехьадахар тIедожийнера адвкаташа. Иштта тIера ца бовлура уьш, гIуллакх листа а доладалале, мел лахара а ши бехккъасторхочо озамбезамаш лелийра бохуш.
  • 2020-чу шарахь Федералан апелляцин кхело юхабаьккхира Царнаев вуьйш бина хилла сацам. Апелляци юха листинчул тIаьхьа кхелахойн коллегин шеконаш кхоллаеллера, бехккъасторхоша озабезам бина хила тарло аьлла. Оцу юкъанна шеконе ца диллина Царнаевн бехк хилар. "Шен дисина доллу дахар набахтехь токхур ду цо. Вуьйр вуй иза боху цхьа хаттар бен дан а дац", - дIахьедира хIетахь суьдхочо.
  • 2021-чу шеран Мангал-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралло кхайкхамбира Лакхарчу кхеле, хьалхо Царнаев вен бина сацам юха ма баккха, Американ президенто Джо Байдена кхеле хIиттийнарш бойъучу таIзарна реза воцуш, дIахьедарш динехь а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG