ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь дестечо йиттина берашна


Нохчийчоь -- Нохчийн бераш, 2015

Нохчийчоь -- Нохчийн бераш, 2015

Доьзалехь къизаллаш лелор шуьйра даьржина Нохчийчохь. Къаьсттина иза хьакхалуш ду, бухахь бераш а долуш, маре динчу зударех. Иштта, рогIера дестечо шина берана къиза йиттина Шелан кIоштахь.

Хилларг толлуш ю прокуратура. Таллам чекхбаьлла бац. Цу бахьаница зулам дина аьлла бехке йечу зудчуьнан цIе йоккхуш яц цкъачунна.

Ткъа хилларг иштта ду.

Жимачу шина йоIана йиттина ларш ю. И шиъ цIаяха ца лууш дуьхьал яьлла хилла. Психологаша шайца болх бича аьлла царашимма шаьшшина дестечо йиттина аьлла.

ХIинца республикан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис шен Iуналле эцна и гIуллакх. Цо омра делла шен белхахошка леррина таллам бе аьлла. Оцу шина йоIан десте цкъачунна жоьпе озийна яц. Амма, гарехь, иза бехке лара мегаш ю шина берана ницкъ барна.

Нохчийчура доьзалшкахь къизаллаш лелорца доьзнарг ира лаьтташ хиларна тидам бо меттигерачу бакъонашларъярхоша. Цу тIехь болх беш массийта цхьаьнатохаралла ю республикехь, зударий а, берийн а бакъонаш ларъеш.

Базаева Липхан куьйгалхо ю «Зударий кхиамехьа» цIе йолчу тобанан.

Базаева: «Дестечо берашна тIехь къизалла латтийна меттигаш нисъелла вай махкахь. Стохка а, кху шарахь а хилла уьш. Дас йоIанна тохар цхьана а агIор догIуш хIума дац. Доьзалхо лаза а веш, тохар хьов, цунна ницкъ бан мегар дац. Вай лардан дезаш хIуманаш ду уьш. Къиза хила мегар дац доьзалхошца».

Доьзалера къизалца къийсам латточу цхьаьнатохараллан куьйгалхочо Базаева Липхана, дас йоIан тоьхна хиларх дийцар шен бахьана долуш ду. Кху деношкахь оццу прокуратуро талла долийна Грозныйн кIоштара цхьана вахархочо кхиазхо йолчу шен йоIана тоьхна хилар. Болчу хаамашца, и стаг набахте чуволла а мегаш хьал ду хIоьттинарг.

Доьзалехь а, юккъараллехь а адамаш къиза а дера а хилар-тIеман тIаьхьалонаш ю аьлла дуьйцуш дара хIинцалца психологаша а, бакъонашларръярхоша а. ХIинца дикка хан ю тIеетташ бомбанаш йоцу, зачисткаш ца йо а. Кхин бахьанаш-м дац теша цуьнан бухехь, аьлла шега хаьттича, иштта жоп ло бакъонашларъярхочо Базаева Липхана.

Базаева: «Соьга хаьттича, уьш ян а ю тIеман тIаьхьалонаш. Амма уьш тIеман тIаьхьалонаш ю аьлла дIатесина дитина мегар дац. Доьзал боху хIума галдалар душ а дерриг. ХIинцехь вай саца ца дахь, вай тIедогIучу чкъуран бале дера ду. Иха муьлхачу бахьанца далахь а, тесина дита йиша йолуш дац. Цунна тIехь болх бан беза: наха а, къомо а, Iедало а».

Доьзалера къизаллех бераш а, зударий а бала ловш хилла а ца Iаш, дукхачу хьолехь цу хIуманна бехке бу, аьлла, тIекхойкху божарий а бу цу хIуманна арз деш. Шай цхьанатохаралла зударийн а, берийн а бакъонаш ларъеш бен йоццушехь, божарий а богIу шайга гIо деха, аьлла кхин дIа а дийцира, «Зударий кхиамехьа» цIе йолчу цхьанатохараллан куьйгалхочо Базаева Липхана.

Базаева: «Изза ду-кх цара дуьйцург а. Къиза ду адамаш. Шайн зударий а бу олу цара. Доьзал боьхча бераш къийса буьйлало. Наггахь дегара бераш дIа а дохий, цунна Iаткъам бан гIерта наной а. Шина а агIор схьайогIуш процесс ю хIара. Къизалла ю нахана юкъахь яьржина».

Берашна доьзалшкахь еттар кху шерашкахь дуьххьара хуьлуш дац Нохчийчохь. 2014 шарахь 24 шо долчу дестечо, 3 шо долчу йоIан къиза йиттинера. Оццу шарахь 22 шо долчу кхечу дестечо, шина берана тIехь, еххачу хенахь къизаллаш лелийнера, дIадийцахь ша, урс а детташ, дойъур ду шу бохуш. И зуламаш юкъараллехь шуьйра дийцаре дина. Амма доьзалера къизалла ша ма-хиллара лаьтташ ю Нохчийчохь. Цунна, схьагарехь, дан хIума дац, я нехан а, я Iедалан а.

XS
SM
MD
LG