ТIекхочийла долу линкаш


ДИКАЕВ Мохьмад
Нана

«Макхъелла. Хьо букар

хьовзийна хено.

Хебаршка некъ бина

хьомечу юьхь тIехь,

Ша къега дашо чIуг

буткъачу пIелгахь…

ДIадаьлла хьан гIуллакх»,

– цхьаццаммо нене

Олий, дог дохадо,

тIехула бIаьрг тухий,

Ца хууш, нана юй даимна къона.

Гуттар а цо лучу кийрарчу йовхонах,

Схьаюьйлуш, еттало безаман тулгIе.

Дикаев Мохьмад похьмаллийн нохчийн байтанча вара. Иза вина 1941 шеран гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь, кхелхина 1979 шеран гIадужу-беттан 29-чу дийнахь. Дикаев Мохьмадан байташ дуьххьара зорбанехь арайилина 1960 шераш дуьйладеллачу юьххьехь нохчийн маттахь долчу газетийн а, «Орга» альманахан а агIонаш тIехь. Поэтан шен дуьххьарлера жайна арадаьлла 1965 шарахь. «Нохчийн хIусам» яра жайнан цIе.

XS
SM
MD
LG