ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ибрагимов Ризванна тIехь йолийначу кхелан хьалхара кхеташо хилла Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIалахь дIайирзина Ибрагимов Ризванна тIехь йолийначу кхелан хьалхара кхеташо. Кхеле озийначу яздархочун дехарца и процесс интернетехь онлайн-трансляци а йолуш хир ю. Иза боккха толам лору цо а, цунна накъосталла дечу юкъараллан жигархоша а. РогIера кхеташо хир ю Стигалкъекъа беттан 19 дийнахь. Хууш ма хиллара, Ибрагимов а, цуьнца кхин цха яздархо-историк а, муьлш бу ца хуучу наха вадийнера. Денош девлча, Кадыров Рамзанна тIе а вигина, дов а дина, дIахийцира и шиъ. Ткъа Ибрагимовс шен тептарш харц ду элира.

XS
SM
MD
LG