ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хоси-Юрт яра, хIинца Ахмат-Юрт


Нохчийн парламентан спикеран Даудов Мохьмадан лаамна тIе а тайна, Хоси-Юьртара бахархой догреза хилла, шайн эвлан цIе хийца. ХIинццалц юьрта чувуллучохь даккхийчу элпашца яздина Хоси-Юрт хиллехь а, хIинца дуьйна Ахмат-Юрт ю. Видео тIехь гуш ду, гулбеллачу наха "Ахьмад-Юрт", "Ахмат Сила" бохуш маьхьарий а, детташ, къобалдар юьртан цIе хийцар. Президент лаьттина Кадыров Ахьмад ваьхначу юьртан бахархойн сацамца хийцина цIе бохуш, яздо нохчийн хаамийн гIирсашкахь. "Нохчийн къомана хьалха хьакъ ву иза юьртан цIе лело, терроризмна тIехь толам баьккхина цо" боху республикан Юкъараллан палатехь а. Цундела хир ду-кх, Хоси-Юьртан, аьлча а, Ахьмад-Юьртан бахархоша маьхьаршца, деза совгIат санна тIеэцар цIе хийцар. ХIинца Нохчийчохь Ахмат клуб а ю, Ахмат-Юрт а ю... Ткъа кхи дIа?

XS
SM
MD
LG