ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов ИбрахIим. Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла...


Юсупов ИбрахIим

Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла...

Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла,
Мукъаме аз хиларх айдан,
Хуьлуш ду олхазарш хийла
Шайгара боцуш цхьа пайда.

Хиларх а юьхь-сибат делош,
Дош олуш эсала, тийна,
Iаьржа дог шайн кийрахь лелош
Лаьттахь ду адамаш хийла.

Хоттане, I975 шо

XS
SM
MD
LG