ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эха шаре ер ю Царнаев ЖовхIаран кхел


Iамеркарчу Бостонера кхел бехкькъасторхой кечбеш ю карара бутт балле нохчочун Царнаев ЖовхIаран дов хатта долон. Цунна бехкедо шен вешица цхьаьна Бостонехь марафон еш лелхийтарш дарна а, нах байъарна а. Адвокатийн аьтто ца баьлла прокурорашца барт а бина, Царнаевна оьмар кхачаяллалц набахтехь валлош таIзар деха. Прокурорашна хетарехь, иза вен кхачо веза. Ши шо гергга хьалха иккхинчу зуламах велира виъ стаг, 300 гергга лазийра. Кхел яхлур ю аьхкене кхаччалц, яздо Бостон Глоуб газето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG