ТIекхочийла долу линкаш

ОБСЕ-н векалшна къевлина ю ГIирма


Украина -- ГIирман дозанехь Оьрсийчоьнан эскархошца къамелаш деш бу ОБСЕ-н тергамхой, Охан7, 2014

Украина -- ГIирман дозанехь Оьрсийчоьнан эскархошца къамелаш деш бу ОБСЕ-н тергамхой, Охан7, 2014

Амма нагахь санна иза иштта делахь а, Венерчу конвенцина буха куьг таIийна ша хиларх терра, Оьрсийчоь декхарийлахь ю, дуьненаюкъарчу тергамхошна некъ маьрша баккха аьлла и некъ бихкинчаьрга кхайкхам бан“, - элира цуо шен Оьрсийчоьнан куьйгалле хьажийначу дIахьедарехь.

Карладаккха догIу, зазадоккху беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна Украинехь йолу Европехь Кхерамазалла ларйаран а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин делегаци цу пачхьалкхан дехарца еана хилар.

ГIирма ах-гIайренна Оьрсийчоьнан эскарша оккупаци йина аьлла дуьненан юкъаралле орца дехначу Украинин керлачу куьйгалло, 2011 шарахь Венехь тIеэцначу конвенцина тIе а тевжаш, дехар динера, цигара хьал таллархьама бозуш боцу дуьненаюкъара тIеман аналисташ хьовсоре.

Евробертана юккъе йогIучу пачхьалкхашкара а, Цхьанатоьхначу Штаташкара а векалш шайна юккъехь болу и делагаци хIинца кIира а ду, ГIирме чу кхача аьтто боцуш, цунна гуо туьйсуш болу. ХIунда аьлча ГIирман дозанаш лардечу Оьрсийчоьнгахьа болчу меттигерачу жигархоша, шайна юккъехь тергамхошна хетарехь, иштта оьрсийн эскархой а болуш, Малхбузера тергамхой цу махка чу буьтуш бац.

Масех де хьалха, зазадоккху беттан бархIалгIачохь, дозалардархоша ур-аттала стигала герз а диттира, и делегаци дозанан уллора дIачовхорхьама.

Ма -дарра дийчица, дуьненаюкъара скандал ю иза. Карарчу хенахь Европехь Кхерамазалла ларйаран а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллехь куьйгалла дечу Швейцарин векало оршот дийнахь дIахьедар дира цу хьокъехь. „Оха кхайкхам бо цу девнан массо а агIонашка дуьненаюкъарчу бакъонийн принципаш лараре а, дуьненаюкъарчу тергамхошна ГIирме боьду некъ маьрша баккхаре а“, - аьлла элира Швейцарин векало Видмер-Шлумпф Эвелина.

Иштта и хьал емалдира немцойн канцлера Меркел Ангелас. Цуо кхерам тессира, Оьрсийчоьно кхин дIа а Украинерчу хьолана дестабилизацин ен гIулчаш йохуш хилахь я тIеман операцеш цуо цигахь еш хилахь, шаьш Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш хуьйцур ю аьлла.

Цуо дийцарехь, тIаккха Оьрсийчоьнна дуьхьал Евроберто экономикан санкцеш ца йолийча ер яц, шаьшна иза лаъане а лууш дацахь а. Бакъду, билгал муьлхарниш хир ю и санкцеш бохург Меркелс кхин дIа ца кхетош дитира.

Амма Малхбузено Оьрсийчоьнна гIийла туьйсуш болчу кхерамаша Украинерчу хьолана тIеIаткъам бийр бац аьлла хеташ ву цу махкара хьал тергал деш волу политологин Iилманча Асхабов Хьамзат. Цунна хетарехь, ГIирман кхоллам билгал баьлла ала мегар ду, ткъа Оьрсийчоьнний, Малхбузенний юккъехь кховсам кхечу, Малхбулерчу, Украинин дакъошна тIехула хила там бу.

Асхабов Хьамзат: „Соьга хаьттича, цхьа а шеко а йоцуш, ГIирма дIакъаьстар ю. Оьрсийн пачхьалкхено иза шен куьйгакIела ялор ю, I954 шо кхаччалца иза церан куьйгакIелахь хилла а ю.Дехьа, Малхбалехьа йолу, Украинин агIо а къовсур ю цара, шайга ма-къовсало.

Цхьанатоьхначу Штаташа кхерамаш тийсахь а, амма Оьрсийчоьнна кхин хIара ду аьлла цу хIуманна тIехь ян новкъарло я дан зе а ца го суна. Царна чIогIа ца лаьа и ГIирма юха а Оьрсийчоьнан долаяла. Амма делахь а, церан цунна дан хIума хир ду аьлла ца хета суна “.

Цу юкъана Оьрсийчоьнан Iедалхоша тIаьхьарчу кIиранашкахь интернет -машанехь гIарваьлла волу Украинера националхо Музычко Александр, я вуьшта аьлча, Билый Саша, дуьненаюкъарчу лехамашка виллина, цуо Нохчийчохь хьалхара а, шозлагIа а тIемаш болуш нохчийн тIемлойн агIонгахь дакъа а лаьцна, оьрсийн салташна таIзарш дина бохучу бехканца.

И бехк мел бакъдолчунна тIехь бу бохург талла атта дац. Билгал ала йиш йолуш цхьаъ ду – и цIе йолу тIемло Нохчийчохь цхьанна а вуьйцу хезна ца хилар. Нохчийн кицанахь олуш ма хиллара, чано шен кIорни ен дага дехча, ченал хьакхийна, цунах терра, мухха а озийна, вайнах цу Украинерчу къовсамна юккъе озон бахьана иза хила а сахьт дац, аьлла хета тергамхошна.
XS
SM
MD
LG