ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн политикан тутмакх Мусаева Зарема дарбан цIийне охьайиллар дийцаредо - адвокат


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Устрада-ГIалара колонихь хан токхуш йолу нохчийн оппозиционерийн нана Мусаева Зарема кеста дарбан цIийне охьайилла тарлуш йу, дийцина "Iазапашна дуьхьал Командехь" цуьнан адвокатана Савин Александрна тIе а тевжаш.

Адвокатан информацица, даим лазарш латтарна Мусаева Заремас зазадокху-баттахь дуьйна дехарш дора, шен могушалла таллийта, дарба а дайта шена бохуш – делахь а "рогIера прогресс" билгалйаьлла Нохчийчуьра ФСИН-н хьаькаме кхайкхам бинчул тIаьхьа. Оцу йукъанна катоьхна госпитализаци йарх дуьйцуш дац хIинца.

Мусаева дарбан цIийне йуьгуш йу аьлла, йаздира Янгулбаевс шен телеграм-каналехь. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарихь цо дийцина, Нохчийчохь бехачу шайн генарчу гергарчу нахера хиъна шена ненан могушалла эшна хиларх. Цара хаамбинера, ур-атталла Iасанашца а лелалуш йац иза, гIудалкх чохь дIасалела аьлла.

Дахначу кIиранах Мусаева Заремин могушаллин хьолах лаьцна дина жамIаш хийцира лоьрийн комиссино Нохчийчохь. Хьалхо хIоттийначу диагнозехь билгалдаьккхинера, шолгIачу кепехь йолу цуьнан диабет дуккха а чIагIйелла йогIу аьлла, ткъа хIинца йаздина диабет чолхаллаш йоцуш йу аьлла. Оцу тIехула Мусаеван дог дохийла йац могушалла бахьана долуш набахтера арайоккхур йу аьлла, кхетийра цуьнан адвокато Савин Александра.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и.
  • Товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо хан кхайкхийра набахтехь йаккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуоан-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG