ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Никсон - Брежнев. Iамеркан а, Советан Пачхьалкхан а лидерийн юкъаметтигийн керла сурт


Iамерка -- Президент Никсон Ричард а (аьтт), Советан Пачхьалкхан лидер Брежнев Леонид а(аьрр), КIайн ЦIа, Вашингтон, 1973 шо
Iамерка -- Президент Никсон Ричард а (аьтт), Советан Пачхьалкхан лидер Брежнев Леонид а(аьрр), КIайн ЦIа, Вашингтон, 1973 шо

Цхьаьнатоьхначу Штатийн къоман архиво Iора даьккхина Никсон Ричард Iамеркан президент волуш яздина магнитафонан йоза. Цуьнан барам бу 3700 сахьт. Цу юкъахь ду 1973-чу шарахь Никсон а, Советан пачхьалкхан куьйгалхо Брежнев Леонид а цхьаьнакхетча цара дина къамел а.

Цхьа тIехула хьажча, «шийла» тIом боьдучу хенахь Iамеркан президентан а, Советан пачхьалкхан Коммунистийн партин Инарла секретаран а хилла цхьаьнакхетар луьра а, формалан кеп йолуш а гIуллакх хеталора. Амма кху беттан 21-чу дийнахь Iамеркан къоман архиван урхалло Iора дахначу магнитафонан лентанаша гойтуш ю Iамеркан президентан Никсон Ричардан а, Советийн Инарлан секретаран а юкъаметтигийн тайпа-тайна агIонаш.

Чохь гочдархо Суходрев Виктор а бен кхин стаг а воцуш, Никсон а, Брежнев а цхьаьнакхийтира КIайн ЦIийнехь 1973-чу шарахь Мангал-беттан 18-чу дийнахь, Вашингтонехь официаоан кепара шина пачхьалкхан саммит йолаялале цхьа де хьалха.

Никсон президент волуш цуьнан кабинет чохь лаьтташ яра автоматан кепара цу чохь деш долу къамелаш дIаяздеш йолу магнитолан система. И бахьана долуш, хIинца Iамеркан архивехь ду Никсон президент хиллачу 1969 -1974 шерашкахь 3700 сохьтехь магнитан лентанашна тIе дIаяздина къамелаш. 700 сахьт диссалц и къамелаш Iора даьхнера архиво хьалхо.

Шийла тIом карзах баьлла боьдуш хилла волу ши лидер, Никсон Ричард 1969-чу шарахь президент хIоьттинчул тIаьхьа, шозлагIа цхьаьнакхеташ ву. Вовшен юкъаметтигаш дIанисъян гIерташ ву и шиъ.

Никсона боху Брежневга церан юкъаметтигаш догIа ду дерриг а дуьне хийца мегаш долу.

Никсон Ричард: «Иза чIогIа чулацам болуш ду, вайн ши къам цхьаьна болх бан аьтто болуш хилахь, ткъа баккъалла а мехала хIума ду Брежневн а, сан а юкъаметтигаш дика хилар. Иза догIа ду. Нагахь тхойшинга бертахь болх балахь, цо дерриг а дуьне хуьйцур ду. Иштта ду суна хетарг хIара дагадовларш дIадуьйлалуш».

Брежневс делла жоп а ду цу кеппара.

Брежнев Леонид: «Суна ала лууш дерг цу хьлкъехь иштта ду. Йоккхачу политикехь а цхьаьна, шина куьйгалхочуьнан юкъаметтигаш тIаьххьара рол ловзош ца хуьлу, ткъа цкъацца дукха мехала хуьлу уьш. Со реза ву, шина лидеран юкъаметтигаша а, вовше церан тешам хиларо а, вовше цара лараро а гIо до дуккха а хаттарш кхочуш дан аьлла, ахьа бохучунна».

Амма дисина долу къамел до Никсона а, Брежневс а, официалан риторика юьстах а теттина, паргIат, доттагIий уьш болуш санна. Брежневс боху Никсоне, ша новкъа волуш Москох догIа доладелира иза дика билгало ю. Цо президентана цигаьркаш чохь латто гIутакх гойту, сохьтехь цхьа цигаьрка бен луш доцу.

«Иза ша шена тIехь урхалла дан аьтто луш долу гIуллак ду», - аьлла жоп ло Никсона, вела а луш.

Брежневс бехк ца биллар доьху Никсоне, ша шен хIусамнана а йоцуш Iамерке варна. Иза могаш йоцуш яра бохуш, къелхьар вуьйлу иза. Цул совнаха, шен кIинт а ца валийра ша боху цо шеца Вашингтоне, шен къентакъант, школа чекх а яьккхина, университете ваха экзаменашна кечлуш хилар бахьана долуш.

Советан лидеро хьаха йо Никсонан йоI Трисия. Иза евзина чIогIа хазахетта дара шен бераш, боху цо. «Царна дагара ца йолу цуьнца шаьш яьккхина йолу цхьа а минот»,- бохуш дуьйцу Брежнев Леонида.

Саммитан тIаьххьара дакъа дIадаьхьира шина лидеро Сан Клементе олучу Калифорния-штатехь йолчу Iамеркан президентан резиденцехь.

«ХIордан тулгIенашка ладоьгIуш хазахета суна», - боху Брежнев Леонида.

Магнитафонан лентийн цхьана меттехь Никсона боху Брежневга, шен 3 шо ах шо бен дац президентан даржехь даккха дисина. Цу хеначохь эвсаре Брежневца болх бан аьтто хиларе сатуьйсуш ву иза. ТIаккха тIе туху цо, 1995-чу шарахь юха а Брежнев Вашигтоне вогIург хиларе ладоьгIуш Iийр ву ша олий.

Шен агIор Брежневс Никсон кхойкху хьошалгIа Москох 1976-чу шарахь. Амма и планаш кхочуш хир йолуш ца хиллера. Кхин а цхьа шо даьллачул тIаьхьа Watergate олуш долу дов эккхар бахьана долуш, Никсон Ричардан дита дийзира Iамеркан президентан дарж.

Ши лидер цхьаьанакхийтира 1974 шарахь Москох. Цу саммитехь цара барт бира, хи бухулахь зарратан бомбанаш а лоьлхуьйтуш, зераш дийра дац шаьш аьлла. Иза дара Никсонан а, Брежневн хиллачу кхаа цхьаьнакхетаран жамI.
XS
SM
MD
LG