Инсульт хилла кхелхина 78 шо долу Узбекистанан президентан даржехь 25 шарахь лаьттина Каримов Ислам, Гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь бусулба Iадаташа ма хьоьхху, лаьтте верзийна.
Эзарнаш узбекаша тIаьххьара новкъаваьккхира пIерасканадийнахь кхелхина шайн президент Каримов Ислам.
Ши эзар гергга нохчо ву Брестехь а, гонаха а хан а токхуш, Полшин дозанхошка тховкIело йоьхуш. Амма дийнахь 3-4 доьзална бен ца кхочу и ирс. Шаьш дозанехь латторна резабоцчу наха протест кхайкхийра деношкахь. Амма гIо ца хилира царна. Делахь а, къарбала лерина бац уьш - Нохчийчу юха ца бахархьама ло
Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь 12 шо хьалха Бесланерчу школехь дайинчу берийн наноша вовшахтоьхнера акци. Оьрсийчоьне Нохчийчуьра тIом битийтархьама, Бесланера школа дIалецира 30 сов тIемалочо. Уьш хIаллакбеш школана тIедиттинчу герзаша вийра маьрша 334 вахархо, дукхахдерш бераш а долуш, 800 стаг ла
Тем боцу бер санна, Хьо зевне йоьлуш ю, Iуьйренца гIаьттина, Хьо балха йоьдуш ю. Хьан сийна урамаш – Сан деган пхенаш ду. Сан гIала, туьйранал Уьш хазахеташ ву! ДогцIена йоI санна, Хьо ирсе лелаш ю, Даима зезагаш Хьан карахь лепаш ду. Хьа
Оьрсийчоь юкъара мостагI хета украинхошна а, гуьржийшна. Украинехьа тIом бича, Гуьржичоьнан а аьтто бер бу шайн латташ юхадерзо, хета Украинерчу гуьржийн бIахошна.
Кадыров Ахьмадан цIарах Петарбухерчу керлачу тIайн цIе тилларо забарш яржайо Оьрсийчохь. Кху йоцачу филмехь йуьйцу цунах цхьайолу забарш.
Регионерчу Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша НТВ телеканалан зорбанчийн политикана дуьхьал протестан акци йолийна.
Йинчу дуьйна ши куьг, ши ког болхбеш дацахь а, цIергашца къолам латтош, сурт дилла Iаьмна Афганистанера кхиазхо йоI Рубаба. Цуьнан корматалла - портреташ дахкар ю, ткъа цуьнан тIаьхьара асар - Канадан премьер-министер Трудо Юстин ву. (Маршо Радио, Афганистан)
Мангал беттан 7-чу дийнахь Истамбулерчу Университетана гергга террорхоша бомба эккхийтина маситта стагана чевнаш йина. Цу меттигана гонах Туркойн полицино кордон хIоттийна. Туркойн хаамийн гIирсаша дийцарехь бомба эккхийтиначеран Iалашо гIаттамна духьал полисхой чохь болу машен яра.
Хьажа кхин дIа а