Мангал-беттан 12-гIа де – 1992-чу шарахь кхайкхийна дезде (юьхьанца – «Оьрсийчоьнан суверенитетах йолу деклараци тIеэцна Де», 2002-чу шарера схьа – «Оьрсийчоьнан Де»). Нохчийчоьнан массо а кIошташкара нах дIагулбина Соьлж-ГIаларчу даздаршка.
"Терек" футболан клубан цIе "Ахмат" аьлла хийцар мехал хилар дуьйцуш "нохчийн къоман цIаналла" хьехайо Нохчийчуьрчу Iедалхоша.
Адамийн бакъонашкахула йолчу хьукматан офисехь пресс-конференци елла ММА-н латархочо, Дуьненаюкъарчу чемпиона Амриев Мурада.
Бакъонашларъярхоша Саратова Хедас а, Газиева Аллас къамел дина Белоруссера Нохчийчу схьавалийначу Амриев Мурадца. Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан полицехь ву иза хIокху хенахь.
Вене веъначу Саакашвили Михеиле Маршо Радион аьтто белира массех хаттар дан.
Нохчийн яздархочунна тIехь йолийначу кхелан рогIера кхеташо чекъели. Йоллу дегайовхо яра, Ибрагимовна дуьхьал арз даьккхинчу Пайзулаева Заирас тIаьххьара дош а аьлла, йист ер ю оцу гIуллакхан аьлла. Амма цунна хIуммаъ дага ца догIу...Цундела юха а дIататта дийзи кхел.
Киеверчу Подольски кIоштахь еарийдийнахь дина тIелатар. Полицино бинчу хаамца, Европера веана журналист ша волчуха цхьаьнакхетта иза шина эскархочуьнца.
Нохчийчохь хиллачу тIемаша берашна йина чевнаш тахана а хьегIа. Бераш Iалашдаран денна леринчу роликца гойту, цивилан пачхьалкхашкахь берийн бакъонашца хьал мухха делахь а, вайн махкахь бераш эшамехь хилар.
Бераш Iалашдаран де даздеш яра бошмаш Нохчийчохь а. 51-чу "Седа" ("Звездочка") бешахь иштта гира и Де Маршо Радиона.
Берийн яххьаш самукъане, екхаелла хилча баккхийнаш а хуьлу сапаргIат. Ткъа шаьш ирсе хетийта берашна-м ца оьшу башха дукха хIума а: марзолгаш, лоппаргаш, вилспет, машен, ден-нена безам а.
Хьажа кхин дIа а