2006-чу шеран гурахь Лондонехь полоний-дIаьвшаца шен майра вер теллина даьлла, амма банза бу бехкечарна бекхам, боху Оьрсийчоьнан Iедал халкъана дуьхьал зуламаш лелош хиларна бехкедеш ваьхначу Литвиненко Александрах йисинчу Литвиненко Маринас. Маршо Радион къамел хилира цуьнца.
ЦIеначу хIух схьаяьлла 50 гергга говр ю Кадыров Рамзанан доларчу реманахь. Цхьайолчу говрийн мах миллион доллар бу, экспертийн хаамашца. Ткъа стенах оьций, латтайо Кадыровс говраш, зорбане яьккхинчу деклораци тI ехь 11 миллион бен рицкъ шарахь тIедеана а ца хилча?!
Панкисехь бехачу нохчийн иллийн фестивал хилла Тбилисехь. Цигахь, шаьш цу кIоштахь беха нохчий боцурш, дакъалоцуш бара гуьржийн яздархой а, поэташ а, музыканташ а, юкъараллийн жигархой а, ткъа иштта Нохчийчура хьеший а.
Суворов Виктор (бакъ цIе – Резун Владимир), вина 1947 шарахь. Къайлахчу сервисан (ГРУ) эпсар а волуш, ведда Советан пачхьалкхера.
Шен пхи шо кхаьчхьана бIаьрса дайна ву Бишкекера Нурматов Евгений. ХIетте а ша бакъволчу профессионало санна доккху цо хIора а сурт.
Рамадан баттахь марханаш кхабар техь ду массо а бусалбанашна. Муха чулацам бу Мархийн беттан, муха кхаба деза марханаш, хьанна тIехь дац уьш кхабар? Маршо Радион "Current Time" проектан видеокхетор.
Европехь тховкIело лаха арабовлий, Беларусерчу Брестехь хенаш токхучу нохчашна Полшин ков делла, я ца делла таро ю уггаре хьалха дозанхошца цхьаьна болх бечу психологийн. Иштачех цхьаъ ю полшахо Ксенжак Мария. Цо дийцира Маршо Радиога шена муьлхачу хьолехь го ша толлу мухIажирш.
СаIудан Пачхьалкхан коьртачу гIалахь Эр-Риядехь исламан пачхьалкхийн лидершна хьалха вистхуьлуш Iамеркан президенто Трамп Доналда кхайкхам бина каьмнийн коалици кхолларе динан экстремизмна а, терроризмна а дуьхьал.
Октябрск кIоштан кхелехь Ибрагимов Ризванна тIехь йолийначу суьдхойн кхеташонехь юха а гулбеллера цуьнан агIончаш, гергарнаш. Яздархочун дехарца рогIера процесс интернетехь онлайн-трансляци а йолуш хуьлуьйтур ю аьлла, дош деллера кхелахоша. Шайн дош лардиний-те цара? Муха йирзи кхеташо?
ХIора шарахь вовшахтухуш йолу "Этноспорт" културан фестивал хилла Истанбулехь кху беттан 11-14-чу деношкахь. Цигахь дакъалоцуш бара Туркойчуьрчу кавказхойн диаспорийн векалш.
Iаьндийн, нохчийн юкъаметтигаш жимма ийгIина аьлла, цунах цатам хилла маслаIате юкъаралхойн тоба кхечира кхаарийдийнахь, хьалхаваьлла махкахь а, цул арахь а вевза Успанов Юни а волуш. Меттигерчу тобан векалца Хасаймирзаца къамел хилира нохчийн юкъаралхойн. Маршо Радион корреспонден вара цаьрца.
Хьажа кхин дIа а