Соьлж-ГIалахь дIайирзина Ибрагимов Ризванна тIехь йолийначу кхелан хьалхара кхеташо. Кхеле озийначу яздархочун дехарца и процесс интернетехь онлайн-трансляци а йолуш хир ю. Иза боккха толам лору цунна накъосталла дечу юкъараллан жигархоша. РогIера кхеташо хир ю Стигалкъекъа беттан 19 дийнахь.
Ахьаро йоккха меттиг дIалоцу нохчийн кхача лелорехь. Масала, ахьаран галнаш, сискал, хьовла, худар. Масала, дуьненчу даьлла бер дуьххьара аганчу дуьллуш, ахьаран хударх яй а боккхий, лула-кулара,гергарнаш чу а кхойкхий, ламаст дара лелаш.
Венерчу Симмеринг кIоштарчу NG Wien клубе шоьтадийнахь баьхкина дукха хьеший бара: клубан декъашхой, спортхойн дай-наной, гIалин администрацин векал, Венерчу дзюдон федерацин президент ишта кх дIа а. Австрин дзюдохула чемпион ваьлла нохчо Бибулатов ИбрахIим декъалварца гулбеллера уьш.
Iамеркан тIеман-космосан талламан спутник орбите яьккхинарг ю Falcon 9 олу ракета. Цул тIаьхьа цу ракетан хьалхара дакъа охьахиина Iамеркан мыс Канаверал олучу меттигерчу тIеман хIаваан базехь.
Советан Iедалера кхаьчна дезде - 1-ра Май - билгалдоккхуш ю, Оьрсийчуьра кхин регионаш а санна, Нохчийчоь. ГIали юккъехь хIиттийна концерташ, ловзарш, хелхарш.
Ненан меттан де билгалдоккхуш, барамаш дIабаьхьна Соьлжа-ГIалахь. Даим санна, иллешца, эшаршца, хелхаршца, тойнашца, нохчийн духаршца... Маршо Радион корреспондент а хилира даздаршкахь.
Туризман а, садаIаран а дуьненаюкъара "Шашлык-Машлык" фестивал дIаяхьна Соьлж-ГIалахь.
Политикан диалог юха а теттина, тIамца Нохчийчоь шен долаерзо гIертачу Оьрсийчоьно 1996-чу шеран Охан-беттан 21-чу дийнахь вийра президент Дудаев ЖовхIар. Нохчийн лидер дагалоьцучара кеп-кепара вуьйцу иза. ДудаевгIеран доьзалехь а хилла, Маршо Радионо дIаязбина Дудаева Аллин дагалецам.
Муха ву экстремист? Оьрсийчохь полисхоша "шеконе куц" хиларна лоьцу кест-кеста нах: йоккха маж, дlадешна мекхаш, хьалакарчийна хечан когаш а. Ткъа муьлха билгалонаш хьахайо Оьрсийчоьнан низамо?
Оьрсийчоьнан Iедална а, президент Путин Владимирна а критик артиклаш язйина хилла гоьваьлла оьрсийн журналист велла Питербухерчу дарбанцIийнехь муьлш бу ца хуучу наха къиза йиттинчул тIаьхьа. 2015-чу шеран Марсхокху-баттахь цо интервью елира Current Time TV.
"Ла илаха илля Ллах" Баскова локху, лезгинка хелхар до Ф. Киркорова, нохчийн эшарш локху Кати Лельс а, Согдианас а. Хьакъ барий техьа "Нохчийчоьнан халкъан артисташ" Кадырова шайна еллачу сийлахьчу цIарна?
Бостон а, "ЦарнаевгIеран эффект а"
Хьажа кхин дIа а