Оцу 1аткъамна духьало ян еза. Иштта бара протест кхайкхон гулбеллачара шайн барам бирзош т1еэцначу резолюцин чулацам. Митинг вовшахтоьхнера Москох вийначу политикан Немцовн шича Эйдман Игорь.
Соьлжа-ГIалахь вайначу иллиалархочун Бакаев Зелимхан нанас Кадыров Рамзане доьху, шен кIант схьалахар. Зелимха полисхоша вигина а ву, къайлахчу набахтехь латтош а ву аьлла, тешна бу кIентан доттагIий. Нанас полицига а дIехьедира, шен воI варах, амма тахана а лохуш вац иза Iедало.
Католикаш, бусалбанаш, иудейш – массех динан векалш бара Венерчу Исламан центрна хьалха хIоьттинчу гуламехь. Декъашхой вовшийн куьйгаш а лецна бахара гергарчу католикийн килс долчу. Цигахь машаре къамелаш дира акце баьхкинчара.
Муфтиято арахецна доьзал кхуллучу шинна юкъахь там-мах баран керла кеп-кехат. Цхьа могIа декхарш ду шинна а тIехь тIейогIучу хенахь. Маршо Радиона махкахоша яийтинчу видео тIехь бовзуьйту тоьшаллин чулацам ма-барра. ЛадоьгIначул тIаьхьа, хаьийта, реза дуй шу "дукъ" тIелаца?
Шатайпа ду Кавказан мехкашкахь лаьмнаш, шен даймохк бевза ламанхо тиллур воцуш. Уьш вошех къаьсташ хиларна а олу наха Кавказах "дуьненан уггаре хаза агIо".
Ши шо а ду Нохчийчохь ««Ак Барс» спортан гимнастикан центр болх беш йолу. Иза схьайиллина Астраханера Оьрсийчоьнан а, дуьненан а чемпион йолчу Кутламбетова Ралинас. Соьлж-ГIаларчу центре лелаш ду 300 сов гимнастикан корматалла йолу бер.
Оьрсийчоьнера уггаре дукха дотацеш йоху регион ю Нохчийчоь. Цуьнан бюджет юзу центро 86 % процентна. Кадыров Путине хьалхо леткъира махканна ахча ца тоьа аьлла. Амма Кадыровн Ахьмадан цIарахчу фондо 14 миллион доллар делла Алеппохь меттахIотточу маьждигна.
Нохчийчохь а, Европехь а кхуьучу берийн кхетамехь даймохк - иза маьрша, токхе, дуьненахь уггаре хаза латта ду. Амма церан иэсехь бисина дукха хан йоццу бирзина тIемаш. Суьрташ Маршо Радиона карийра Нохчийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Австрехь, Германехь, Францехь.
Яндарбиев Зеламха
Масех шо хьалха МартантIехь Алаудинов Аптин ден ХIаронан цIарах хьафизийн школа схьайоьллучу дийнахь, Кадыров Рамзанна баркалла кхайкхош, вилхира Алаудинов Апти.
Элано Идаров Тимаркъас шен йоI Гуэщенэй паччахье Иван IV маре а луш, доладелира гергарло гIебартошний оьрсашний юкъахь. Оцу заманахь дуьйна ГIебарта Оьрсийчоьнна юкъаяхана лору историкаша. Иза факт къовсамехь ду тахханалц.
Хьажа кхин дIа а