Соьлжа-ГIалахь вайначу иллиалархочун Бакаев Зелимхан нанас Кадыров Рамзане доьху, шен кIант схьалахар. Зелимха полисхоша вигина а ву, къайлахчу набахтехь латтош а ву аьлла, тешна бу кIентан доттагIий. Нанас полицига а дIехьедира, шен воI варах, амма тахана а лохуш вац иза Iедало.