Мьянмехь бахархоша ловчу баланийн барам бовзуьйтуш, бакъдерг а, доцург а наха иэдина даьржадо социалан машанашакахь. Маршо Радионо теллира оцу махкара хьал. Иштта ду цигарчу бахархошкара де гойту сурт.
Ши де хьалха Араканерчу бусалбанашна сагатдойла хоуьйтуш, Кадыров Рамзана реза вац ша элира Малхбузено а, Оьрсийчоьно а рохинджа къам къелхьардоккхуш дина хIума а дацарна. Амма оршоьтадийнахь Соьлж-ГIаларчу митингехь хьаха а ца дира оцу къоманна дуьнено дан тарлуш долчу гIоьнна дуьхьало йийриг Оьрси
Мьянмехь бусалбанаш байарна дуьхьал митинге арабевлла Соьлж-ГIалахь эзарнаш бахархой
2004-чу шеран дешаран хьалхарчу дийнахь Кавказерчу гIаттамхоша Кремлна Нохчийчохь тIемаш бен оьрсий эскарш арадахар тIедожош дIалецира Бесланера № 1 школа. ДIахьедарна жоп ца луш кхо де даьлча, лелхийтарш дира школичохь.
Долалуш ду Дешаран Шо. Массанхьа а санна, Нохчийчохь а эвсардоккхур ду дахар бераша шайн зевнечу жигараллица.
Хьаьж чекхдаларна лерина даздеш хуьлу ГIурбан-Iийдан де. Кху дийнахь бусалба наха ГIурбанна боь устагI, бежана я эмкал, дуккхахдолу жижиг мискачу наханна дIасадоькъу.
20I2 -чу шарахь чубеанчу поллано Кубанан а Адыгин хьаннаш юуш ю. Олимпиадана кечамаш бечу хенахь чукхехьначу орматашца цхьана чуена и сагалт. Билгалъяьхначу регионашкахь дIатарбеллачу поллано шен ма хуьллу хIаллакйо регионийн башха экосистема. Кхечу регионашкахь а полларчий даржа кхерам бу.
Хьюстонехь (Техас штат) хи дестар «бохаме, цкъа а ца хиллачу кепехь, нахана боккха кхерам бохьуш ду», аьлла Iамеркан Штатийн Къоман метеорологин урхалло. Цо бахарехь, и хьал латта тарло дерриг а кIиранах. Йочанаша а, бистинчу хIордо а хиш ах метр лакхадаьхна.
Тамаше ду оцу харцонах дуьйцучу прессо тоьшалле валориг полицин министр Соботка Вольфганг хилар. Маршо Радионе шена йинчу харцонах дуьйцу газеташа сийсазвинчу нохчочо.
ГIaлин юккъерчу Исаевн урамехь 18-чу цIийнах яьлла цIе 16 сахьт 20 минот хан йолуш. 100 сов вахархо ваьккхина кхерамзаллечу метте. Бохаман бахьана цкъачунна хууш дац. ЦIеяйархой хьийза бохам юхаберзош. Керла хаам. 7 сахьт долуш (сарахь) цIе д1аяйа аьтто баьлла, хаамбо хьостанаша.
Хьажа кхин дIа а