Одессерчу Малиновскан кIоштан кхело лаьцначуьра маьршаваьккхина, Интерполехула Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша лоьхуш хилла ГIалгIайчуьра вахархо Белхароев Илес. Одессерчу жигархочо Балаба Аленас бина и хаам Кавказ.Реалиига.
"Чохь вуьтуш цунна тоьхна хилла 40 дей-буьйсий чекхдаьлла, экстрадици еш лаьцна вуьтучу меттана суьдхочо цIахь вуьтуш сацам бина", - аьлла жигархочо.
Цо билгалдаккхарехь, Белхароевн интересаш ларъеш маьхаза бакъонан гIо латточу программехула волу адвокат хиллера.
"Кхелехь вистхуьлучу Илеса дийцинера, шен цхьаболу гергарнаш Оьрсийчохь байъина, вуьйш набахтехь бу аьлла. Суна хетарехь, оцу дIахьедаро тIеIаткъам бина хила тарлора суьдхочунна а, кхелехь хиллачарна а", - аьлла, тIетоьхна цо.
Балабас дийцарехь, 2019-чу шарахь Москвахь вийначу "Э" Центран куьйгалхочуьнца Эльджаркиев ИбрахIимца доьзначу гIуллакхца вузу иза Оьрсийчохь. Зулам кхочушдархьама Украинера Оьрсийчу тапча яийтина хилла Беохароевс, боху Оьрсийчоьнан бакъоларъяран органаша.
Маршо Радионо ма-яздарра, Эльджаркиевн гIуллакхна тIехула лаьцна ву 11 стаг, цхьаберш лаца кхайкхийна бу, масала, Картоев Къурейш. Туркойчохь иза къайлаваьлла бохуш а дуьйцу.
Стохка Дечкен-баттахь Москварчу кхелахоша лаца кхайкхийра ГIалгIайчуьра Аушев ИбрахIим а, БелхароевгIеран Адам а, Iийса а. Уьш а бехке беш бу Эльджаркиевна кIело ярна а, иза верна а. Дуьненаюкъарчу лехамашкахь бу уьш.
Эльджаркиев ИбрахIимна тIелатар дина ву аьлла, лаьцначу Белхароев Алихана Чиллан-баттахь дIахьедира адвокаташка, шена тIехь ницкъ бина аьлла.