ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Навальныйх лаьцна: "Тхан Iедал дац цхьан-цхьаъ вуьйш"


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира чIагIдо, Оьрсийчоьнан "Iедал дац цхьан-цхьаъ вуьйш" бохуш, яздо Свобода Радионо. Оцу дешнашца жоп делла Путина Америкерчу NBC телеканалан журналисто, Навальный Алексейна дIовш даларна Кремль декъа хила мегаш хиларх лаьцна шега деллачу хаттарна.

Интервью араяьлла оршотан дийнахь Путин Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентца Джо Байденца Женевехь кхана Iийна цхьаьнакхета везаш а волуш.

Путин Iедалехь волчу шерашкахь байина а, тамашийна хьелашкахь белла а бевзаш болу Оьрсийчуьра нах – 2006-чу шарахь полоний малийна вийна Литвиненко Александр а, талламан изоляторехь велла аудитор Магнитский Сергей а, Москвахь вийна политик Немцов Борис а, Вашингтонехь ницкъ бина вийна карийна хилла министр Лесин Михаил - багарбарна жоп луш Оьрсийчоьнан президента элира, церан баларш вовшаца доьзна ду аьлла ца хета шена, и цIераш тIехь йолу тептар "йиънарг цалар" ду аьлла.

Навальный колонехь латторан хьелаш дуьйцуш, Путин жоп делира, оппозиционерца цигахь (колонин балхахой) кхин вон хир бац, кхечу тутмакхашца болчул а аьлла. Оццу хенахь, Оьрсийчоьнан президента жоп ца делира, Навальный дийна аравера вуй аьлла шега хаттар дича. Путина дийцарехь, набахте чуволларх лаьцна хаттаршкахула сацамаш беш верг Оьрсийчохь президент вац.

Путина юха а цIе ца яьккхира Навальный Алексейн.

Стохка Товбеца-баттахь "Новичок" дIовш делла валанза ваьллачу Навальныйс иза динарш ФСБ-н белхахой бу боху, Путинна а ца хууш ша вен аьлла, омра делла хуьлийла дац аьлла а хета цунна.

Путина къамел дира Америкерчу талеканалца цхьа сахьтехь эха сахьтехь гергга, шуьйра хаттаршкахула шена хетарг дуьйцуш. Иза реза ца хилира кибератакаш ярна жоьпаллехь Мосвка хилар тIелаца, дукха хан йоццуш Washington Post газето яздина ма хиллара, ГIажарийчоьнна спутникан таллам бан система аьттехьа кхоьллина яц шаьш бохуш а вара иза.

Путин тIе ца дуьту Оьрсийчоь юкъагIоьртина бохург, Америкерчу харжамашна, цо хила мегаш хIума ду боху, Вашинтонца чубоьхкина нах хийцар.

Цхьаьнатоьхначу Штаташкара политикан хиламашна комментари еш, Оьрсийчоьнан президента кица далийра "батт раз хилча, оьшуш дац куьзга бехкедан" аьлла. Цо дIахьедар дира Вашингтонехь Капитолий дIаларцарца доьзна гIуллакх бухе диллина аьлча, Штатийн, шена хетарехь, шен чоьхьара халонаш ю аьлла.

Путина нисса дуьхьал жоп ца делира шега, хьо киллер вуй, аьлла хаттар дича. Цуьнан метта цо дIахьедира, шен карьерехь тайп-тайпана Iиттарш ярх воьлла ву ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG