ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петирова ПетIамат. Сан Дадин заманан Нохчо…


Нохчийчоь 2016
Нохчийчоь 2016

Сан Дадин заманан Нохчо…

Цкъа ловзаяьллачохь гулйина тайнигаш,

БIаьрг тилош со леян, сан марахь йитина,

Исс ломал дехьа дIалечкъина бералла,

Куьг кхоче, аз хезе герга а ялийна,

Цхьа аьрха, цхьа ирсе хиллачу цуьнан

БIарлагIаш сан иэсан баьрче а хийшош,

Сан бабас вийцина бозбуонча санна,

Туьйранан тамашех со тешон веъна

Сан Дадин заманан Нохчо…

Ас шеца гергарло таса а кхиале,

Терхи тIехь буо-берах йисина кIудал а,

Цхьа таьIна хьасталуш, бехкала яхана,

Овкъарца къагаян ир-кара со хIоттош,

Бахаман хьашташна пайденна хьовзийна,

КIудалх ша къасторах ца кхеташ бисина,

Тхайн цIестан чами а ларми чохь схьалехна,

Накъостах дIатоха со йохье яьккхина,

Хьегамца шовдане хьежа со хIоттийна

Сан Дадин заманан Нохчо…

Ас сайна хьарамъеш тIорказахь хьулйина,

Тикманца кечйина кIайн дарин гIабали,

Декъазчу, декъалчу деноша текхийнчу

Чалхашлахь схьалеха со коьртах яьккхина,

Эхь хеташ йогу юьхь дуьненах дIахьулъян,

Аьттонна кечдина нускалан кирхьа а,

Хетараш, шеконаш дIайойуш дегийна,

Соь малхадаккхийта бахьана хIоьттина

Сан Дадин заманан Нохчо….

Кху нохчийн лаьмнашкахь ловзучу гуьйренан

Эсаро дахьийна оьгучу гIашца,

Яхь дуьйлуш оьгучу сан денойн кочар,

Гуо бузуш хьаьвзина долучу хенахь,

Кхин шега дог даха ца хIоттал со човхош,

Петоьхна дIабоьду сатийсам сацийна,

Юха а кIиръелла со цуьнга хьежийта,

Хьо хIоттар сан кетIа ас муха тида те,

Сан Дадин заманан Нохчо?!

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG