ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Ахьмад. Ненан бIаьрхиш


Нохчийчоь -- СаймаIашка
Нохчийчоь -- СаймаIашка

НЕНАН БIАЬРХИШ

(Нохчийн хьалкъан барта кхолларалла)

Цхьалха цхьа кIант вара къеначу ден, ненан. Дукхавезаш Iалашвора цара шайн кIант.

КIант кхиъна ваьлча, ломахь гIарабаьлла дика динний, нуьйран гIирссий, тIемалочун барзаккъий кечдира дас-нанассий шайн кIантана. Амма цунна цхьа бохам хиларна кхоьруш, цIера ара-м ца волуьйтура цара иза.

Цхьана дийнахь юьртара кIентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцчу кIантана а лиира цаьрца ваха.

Дений, нанний тIевеъна цо элира:

– Со а вахийтийша юьртарчу кIенташца дуьнене бIаьрг тоха. Суна лаьара, кийра бахьош долу, шал шийла шовда мала, Iуьйранна малх схьакхеташ, сарахь беттаса кхачлуш ган. Суна лаьара махо техкош, догIано дашош, малхо дакъош ламанан басешкахь лаьтта къорза зезагаш ган, суна лаьара Iуьйранна тхинах яжа арайолу лунан буьхьиг ган, гIелашна сагатделла сира сай гIергIаш ладогIа, Iаннаш, даккъаш декош, мацалла угIучу барзе ладогIа… Вахийтийша со кIенташца дуьнене бIаьрг тоха.

– ХIан-хIа, кIант ма гIолахь. Пурба дац хьуна! – элира къеначу дас.

– Со къинтIера ца ели хьуна, кIант, хьо водахь! – элира нанас.

Юьртара кIентий сакъера бахара, цхьаъ бен воцу кIант висира кхерчан а, цIийнан а гонах хьийза.

Цхьа хан яьлча, юьртара кIентий кечбелира экханна талла баха. Дений, нанний тIевеъна, кIанта элира:

– Со а вахийтийша кIенташца экханна талла. Суна лаьара ламанан курчу лечано ижонна мохаюьллуш ган, цуьнан ирачу мIараш юкъе нисделла дала са легашка кхаьчна, жима олхазар детталуш ган, дог лоцуш пха тоьхна, стиглахула биркъаш дIа-са яржош, и кура леча чудаийта, лечанан мIарех кIелхьара даьлла, сина маршо хааелла, стиглан сийначу Iарчешка жима олхазар хьаладолуш ган. Суна лаьара иччархочух ларбалархьама генна дIакхарстийна сийна бIаьрг ойлане баьллачохь сецна, ламанан лекхчу тарха тIехь кур аркъал тесна лаьттачу курчу хьехе бIаьрг тоха: оцу семачу хьехана тебна улло вахана, дегI лардеш пха тоьхна, маьIах шотха доккхуш, иза къахкийна, дуьненчохь шел сема хIума дуйла цунна хаийта. Суна лаьара масар къахкийна, эккхийна лаца, дуьненчохь шел маса хьума дуйла цунна хаийта. Бухбоцчу сийначу стиглара сирла седарчий санна долчу цуьнан хазачу бIаьргашчу хьаьжна, хьаьстина, иза дIахеца, къизчу иччархойл дукха дуьнен чохь къинхетамен нах буйла цунна хаийта. Вахийтийша со кIенташца экханна талла.

– Ваха пурба дац хьуна, кIант, ма гIолахь! – элира къеначу дас.

– Со къинтIера ца ели-кх хьуна, кIант, хьо водахь! – элира нанас.

Корта охьаоьллийна дIавахара кIант, ткъа цуьнан нийсархой талла бахара. Ден, ненан пурба доцуш цхьаннахьа а ца воьдура кIант.

ЦIеххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка: мостагI ву тIегIерташ аьлла, цуо буржалш дахьа ламанхошна тоха, леш бина уьш бацо. Юьртара кIентий, къонахий кечбелира мостагIашна дуьхьал бовла. Аьртаниг ирйира, есаниг юьзира цара. Шен шира гIагI дегIе а дерзийна, тешаме герзаш юкъах а дихкина, кIентан да а вахара мостагIашна дуьхьал, шен кIантана а ца хоуьйтуш, лата везачохь – лата а, вала везачохь – вала а.

Шел хьалха дIакхаьчна, могIаршца тIаме хIиттина тIемалой карийра цунна. Къаьстина чIогIа тIом беш вара цхьа цавевза тIемало. Юьхь тIеоьзна зIенийн цхар, тIедуьйхина болатан барзакъ, мостагIийн декъех саьлнаш хIиттош, ткъес санна карахь лепаш шаьлта. Цецваьлла висира воккха стаг да а, цуьнца берш а.

– Мила ву и чIогIа тIом беш волу тIемало? – аьлла хаьттира воккхачу стага дас.

– Иза хьан кIант ву, дада! Хьан цхьаъ бен воцург! Дика кIант кхийна хиллера ахьа! Дала дукха вахаволда иза! – элира тIемалоша.

Амма хала дара и кIант дукха вехарву ала… Берриг шайн ницкъ гулбира мостагIаша. Массо а цхьаъ санна цхьаний тIелетира уьш оцу турпал кIантана. Вуьйжира кIант. Велира турпал. ТIаккха тIетаьIира ламанхой мостагIашна. ХIаллак бира цара уьш. Бисинарш лаьхкира. Дукха декъий дисира оцу тIеман арахь мостагIийн…

ГIоьмакхех, таррех барма а дина, тIе верта а тесна, ларвеш цу тIе а виллина, ваьхьира тIемалоша кIант-турпал ваьхначу юьрта, винчу юьрта, нана ехачу кетIа… Болатан гIагI малхехь къегаш, кхачбеллачу баттах тера йолчу юьхьа тIера сирла нур гIуьттуш.

– ХIей, вежарий! Собарделаш! – элира кIентан дас. Севцира нах. Вистхилира кIентан да:

– Къонахий! Сан ницкъ кхочур бац кIентан нене хIара ирча кхаъ дIахаийта… Со кхоьру хIокху кхоо нана а ерна… Вац шуна юкъехь маттана говза, нене кIант валар дIахаийта?

Массара а кортош охьаохкийра. Вистхуьлуш стаг воцуш, дIатийра къонахийн тIемалойн тоба. ГIеххьа зама яьлча, нахах къаьстина, хьалхавелира башламан бохь санна къоьжа корта болу воккха стаг.

– Схьаба суна дечган пондар! Цуо дуьйцур ду нене говзачу-хазчу маттаца кIант валарх. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ! – элира воккхачу стага.

Схьабеара пондар. Делха доладелира пондаран мерзаш. Бека болабелира пондар. Шен пондарца тобанна хьалхавелира воккха стаг. Араелира кIант вина нана. Цунна гира вистхуьлуш стаг воцуш, гIайгIано кортош охьаохкийна лаьттачу тIемалойн тоба, хезира бекаш, боьлхуш пондар. Бармахь цавевзачу тIемалочун дакъа…

Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, шийлачу шовданан декаре буьйлуш, набарна бер дижо нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар. Пондаро дуьйцура нанас шен цхьаъ бен воцу кIант мел везаш кхиийна, дуьйцура ненан сийлахьчу боккхачу безамах… ЦIеххьана пондаран мерзаша ламанан лечанан гIергIар хазийра, лоьман цIийзар, берзан угIар хазийра. Цуо дуьйцура кIант-тIемало мел майра, доьнал долуш кхиънера. ТIаьххьара а, тIеман герзаш вовшах детталуш санна, къора бийкира пондар. Хеталора, болатан тарраш турсех детталуш санна, мостагIий боьхна, маьхьарий хьоькхуш санна, тIеман марсаллехь майрачу кIантана тIера барзакъ болатан гIовгIанца декаш санна… Цуо дуьйцура кIант-турпал мостагIехь мел майра летта, цуо уьш муха хIаллакбина. ТIаьххьара цхьа сирла цIена аьзнаш гIевттира пондаран мерзех. Уьш декара маьлхан зIаьнарех тарделла. Хетара, цара дуьйцу Даймехкан хазаллех, ирсечу дахарх, Даймехкан сийлаллех, и сий кхуллуш, лардеш болчех лаьцна… Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех, цкъа а церан лийриг цахиларх…

Боьлхура пондар, тийжара пондар.

ЛадоьгIура кIант винчу нанас. Гуора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охьаохкийна лаьтта тIемалой. Кхийтира нана… Бармахь Iуьллург кхуьнан кIант вара, кхуьнан цхьаъ бен воцург… Дуьххьара араваьллера иза ненера пурба доцуш… Иза майра леттера мостагIех. Дуккха а хIаллакбинера цуо уьш. Веллер ша а. Веллера даима ваха! Иштта дуьйцура пондаро. ГIайгIане цуьнан йиш…

Боьлхура пондар. Тийжара пондар…

Довха бIаьрхиш хьаьвдира ненан бIаьргех…

Къора узарш деш бекачу пондарна тIетевжира кIентан нана.

Боьлхура пондар, йоьлхура нана…

Мацца цкъа нана тIера дIаайелча, цецах санна Iуьргаш девллера пондаран уьн тIе. Ненан довхачу бIаьрхиша дагийнера иза. Кхин а чIогIа гIарабаьлла бекара пондар. Генна лаьмнашкахула дIаоьхура цуьнан аз. Цуо хIинца дуьйцура ненан кийрарчу йоккхачу гIайгIанах, къахьонах, балех.

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

ДегI нисдеш, айаелира кIант вина нана. Цуо доггах мохь туьйхира:

– Со къинтIера ели хьуна, сан кIант!

– Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.

– Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, Iаннаша, хиша, шовданаша…

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

– Аса декъалво хьо, сан кIант! – мохь туьйхира нанас.

– Оха декъалво хьо, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.

– Оха декъалво хьо, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, Iаннаша, хиша, шовданаша.

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

Оьгура ненан бIаьргех довха бIаьрхиш… сийлахь латта а дашош!

Сулейманов Ахьмад вина 1922 шеран стигалкъекъачу-беттан 1-чу дийнахь Хьалха-Марта районан Олхазар-кIотарахь. Ишкол яьккхина ваьлча Ахьмадас серлонан наркоматан инструктор а, комсомолан райкоман секретарь а болх бо. Сибрехара цIа дирзинчул тIаьхьа цуо чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт. Цул тIаьхьа Ахьмада дуккха а шерашкахь хьехархочун а, директоран а болх бо Хьалха-МартантIера а, Олхазар-кIотара а ишколашкахь. Цул совнаха, Нохч-ГIалгIайн яздархойн союзан литконсультантан декхар кхочуш а до цуо. Шен кхоллараллин болх А.Сулеймановс 30-чу шерийн чаккхенехь болийра. «Безаммий, шаьлтий» цIе йолу стихийн хьалхара гулар араяьлла 1967-чу шарахь. ХIетахь дуьйна шуьйра йовза йолало поэтан цIе. «Цхьа-ши дош» книга язъярна Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан совгIатан лауреат а хилира Сулейманов Ахьмадах. Ахьмадан дуккха а байташ иллешка, эшаршка йирзина, халкъана шуьйра евзаш а, езаш а ю. Кхин цхьаъ билгалдаккха деза: вайнахана йицъелла Нохч-ГIалгIайн чохь лелла вайнехан топонимаш меттахIоттийра цо. Кхалхар нисделира цуьнан 1995-чу шеран мангал-беттан 20-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG