ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалехь барт зударий бахьанехь буху


Доьзалехь барт зударий бахьанехь буху

(Туьйра)

Цхьаьна, цхьа бахам а болуш, цхьа керт а йолуш, бехаш-Iаш хилла, зударий а балийна, вежарий. Дех дисина долу дакъа а, берриге бахам а кхааннан юкъара а болуш, хаза вовшийн марзо а оьцуш, бертахь Iaш хилла кхо ваша. Цкъа цхьана дийнахь воккхах волчу вашас шен зудчунна хьалха дозалла дина:

— Тхо санна барт а болуш, цкъа а юккъехь дар-дацар а ца хуьлуш, цхьана кертахь, цхьа бахам а болуш, хIокху дуьненахь вежарий буй-те?! — аьлла.

Ла а доьгIна, зудчо цуьнга аьлла:

— Шуна юккъехь болу барт, шу иштта чIогIа дика вежарий долу дела бац хьуна, хьо дукха вахарг. Оха, шун зударша, шуна вовшашца дов даккха бахьана ца ло дела ду хьуна. Шун цхьана дийнахь барт хир бацара-кх, тхуна лиънехьара!

— И хIун ду ахьа дуьйцург?! Зударша бохор бара тхуна юккъера барт?! Кхин, хьо елла дIаяллалц, цкъа а ма далийталахь хьайн багара и санна дерг! — элира дукха чIогIа оьгIазваханчу хIусамдас.

Кхин цунах дош ала яхьа а ца яьхна, йист а ца хуьлуш, араяьлла зуда, хуур ду вайна, бакъ мила лоь, бохург, дагахь а долуш. Дукха хан ялале, жимах волчу вашас, ша жа тIера вогIуш, шеца Iaxap балийна. Цунна урс а хьаькхна, и тила а бина, жижигах кхо дакъа кечдина цо. Тоьлаш долу дакъа а, цу тIе биллина корта а шен воккхах волчу вешина дахьийтина цо. Жижиг схьадеъча, воккхах волчу вешин зудчунна цу юккъехь хьалхара гloгl гина.

— ХIинца хуур ду вайна, бакъ мила ву! — ша-шега а аьлла, жижиг тIехь долу шун дIа а тоттуш, шен хIусамдега йистхилла зуда:

— Хьалхарчуй, тIехьарчуй гIогIашна юккъехь башха йоккха башхалла яцахь а, делахь а, хьо ваккхах волу ваша хиларна, хьан вашас хьуна тIехьара гloгl даийта дезара. ХIинццалц хьоьца и дийца аьтто ца баьлла сан, амма дукха хан ю аса цуьнан тидам бина: хьан вежарша хьо, лара ма веззара, ца лору, хьо ле а во, — аьлла.

Зудчо дуьйцург, цхьа «нун» долуш хIума дуйла, коьрте а ца догIуш, воккхах волу ваша чIогIа оьгIазвахана шен вежаршна. Ша волчу ши ваша схьа а кхайкхина, цо аьлла цаьрга:

— ХIинццалц схьа ашшиммо левеш хилла со, цундела, хIинццалц ма-Iappa, суна шуьца Iан ца лаьа, со сайна вала воллу, — аьлла.

Шайн ден хилла бахам кхаа декъе бекъархьама, цо моллега а, цIийнан хьалхарчу баккхийчу нахе а ша волчу кхайкхира. ХIусамнанас, шен марвашас даийтина долу жижиг а тесна, галнаш а йина, уьш хьешашна хьалха а хIиттийна, цхьа-ши дош ала пурба лахьара, аьлла, дехар дира цаьрга. Цара пурба делира. Зудчо цаьрга элира:

— Шух эхь-бехк дала лоьрийла, цкъа кху чуьрачо, суна хьалха дозалла деш, элира, шаьш чIогIа дика вежарий ду, и гучудолу шаьш цхьана кертахь, цхьа бахам а болуш, бертахь Iаш хиларца, аьлла. Майра а яьлла, аса цуьнга элира, шуна юккъехь барт оха, шун зударша, латтош бу, аьлла, цунна xlapa реза ца хилира. Цо соьга кхин цкъа а и санна дерг багах ма даккхалахь, элира. Цо бохург ца дича а ца яьлла, со йист а ца хуьлуш, IадIийра, амма, аса и ишта дуйла хьуна хоуьйтур ду, аьлла, ойла хилира сан. И кхочушъян меттиг а белира. Цкъа жа тIера цIа вогIучу кхуьнан жимах волчу вашас Iaxap балийра. Цунна урс а хьаькхина, и тила а бина, цунах кхо дакъа а дина, гуттар санна, тоьлаш долу дакъа цо тхуна даийтира, цу тIе корта а биллина. Жижигана юккъехь Iахаран хьалхара гloгl а гина, аса хIокхуьнга элира, хьан вашас, хьо ца лоруш, хьуна Iахаран хьалхара дакъа даийтина, шена тIехьара, тоьлашдерг а дуьтуш, аьлла. ХIокхунна и тоьира, шен вежаршца девне вала а, ден бахам бекъа шуьга кхайкха а. Цунах гучу ца долу, — элира цо, хьешашка а йоьрзуш, — со нийса хиллийла, айса хIокхуьнга шуна юккъехь барт латтош дерш тхо, шун зударий, ду, аьлча, — чекхдаьккхира цо шен къамел.

— Цу тIехь хьо бакъ лоь, — аьлла, тIетайра хьеший.

ЮьхьIаьржа а хIоьттина, хьеший дIа а бахийтина, шен вежаршца тайна воккхах волу ваша. Цу хенахь дуьйна, цкъа а дар-дацар ца хуьлуш, бертахь баха хевшина уьш.

XS
SM
MD
LG