***
Со хьан бІаьсте хилий –
КІеззиг аьрха,
Дукха маьлхан?
Я хьан сирла Іуьйре –
КІеззиг тийна,
Дукха тайна?
Лаахь, седа нуьре –
КІеззиг хьаьвхе,
Дукха эвхье?
Со хьан ІиндагІ хилий –
КІеззиг ирке,
Дукха ирсе?
***
Со хьан бІаьсте хилий –
КІеззиг аьрха,
Дукха маьлхан?
Я хьан сирла Іуьйре –
КІеззиг тийна,
Дукха тайна?
Лаахь, седа нуьре –
КІеззиг хьаьвхе,
Дукха эвхье?
Со хьан ІиндагІ хилий –
КІеззиг ирке,
Дукха ирсе?
Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.