ТIекхочийла долу линкаш

Дакаев СаьIидбек

«Кешнашкахь ойланаш»

Кху кертахь цхьа а вац

Меттаххьовш, дийна.

ХIораннан хIусам ю

Тапъаьлла, тийна.

Гаттий ду урамаш,

ТIедоьлху некъаш.

Цхьа а вац дахарна

Велалуш, текъаш... Дозанаш билгалдеш

Керташ яц гонах,

Махьмара ваьлларг вац,

Ву бохуш къонах.

Базаран басарш дац,

Бац къера дуйнаш.

Дарбелла, вовшашна

Лестабац буйнаш.

ГIишлошна пенаш дац

Бухахь, тIехь дуттуш,

Лулахой ца хьуьйсу

ХьогIан бIаьрг хIуьттуш

ХIусамехь партал ага дац техкаш.

Пеша тIехь Iа гIуьттуш

Яй а бац кхехкаш.

Даьхний дац, жаш а дац

Цанашлахь дежаш.

Цхьанна а бахам бац,

Воккхавеш хьежа.

Цхьаъ бу хIорш берриге

Тайпанан, цIийнан,

Харц я бакъ дуьненан

Куьйланехь Iийна...

Нохчийн поэт, яздархо Дакаев СаьIидбек (65 шо).

Авторш

XS
SM
MD
LG