ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бексултанов Муса …Цхьаьнакхета дIасакъастар бен


Бексултанов Муса

…Цхьаьнакхета дIасакъастар бен

Цхьа цIеххьана цхьаьнга мохь баьлча, машенан чIургаш а цIевзаш, я цхьанна цхьаъ хуьлуш гича: куогах кIохцал гIойла цунна, ангали тIе ког болийла – бен а доцуш, хьуна гушдерг – и бохам хуьлу меже цхьана кхечун лазош гича, изза меже тохало-кх хьан, ког белахь – ког а тецашI, гуола хьаьшна гича – пхьаьрс а кхоссалуш………………………………………….. ………………… цкъа лам чохь, со бер долуш, лахенцара ламанца хьала ахка даккха буьгу пачхьалкхан бажа кIотархула чекхболуш, жима ши эса дитира тхоьгахь, цхьа масех де хьалха, новкъахь дина хилла долу, бутт буззалц леладахьара, некъ балур бац кхаьрга, аьлла.

Ши эса чIогIа хаза дара, тхан даьхнех тера а доцуш, кхера кIега санна, цIен, яккхийчу меженашца.

ХIатис, сан денанас, чIогIа Iалаш а дуора и шиъ, маьрза шура а мийлош, юха, жимма кхиадоладелча, кхехкийначу жоржах бина мело муж а латтош.

И ши эса дIа ца оьра тхан даьхнашца, кхечаьрца а, – гуттар а цхьаьна хуьлура, вовшашна ул-уллохь, цкъа а Iахар а, кхайкхар а доцуш, вуьш эсий ма-хьийззара, цIенна гонах а ца хьийзаш. Сарахь чу а ца догIура, тIаьхьа стаг а вахна, ца далийча; ков чохь а иштта юьстахъхиэбара, вукху даьхнашка, геннара, цхьа кIирделла дIа а хьоьжуш.

Балха тIехь шен мукъа хан яьлча – гIалара цхьа стаг вар-кх иза, тхан ден гергара а хуьлуш, – цхьа накъост кхечир-кх тхоьга, белшах тесна цхьалго топ а йолуш:

«ХIара лаьмнаш, шовданаш яI-кх, ма хаза бу-кх Даймохк!» – бохуш, луьйчуьра бат ваьшта ца юьллуш, охьахаар а я тер а доцуш.

Де даллалц аьлла, наб а йина, тIаьхьуо ша хьалагIаьттича, шен топ а эцна, волавелира, диттана я тIулгана сих-сиха Iалажо2 а лоцуш. Дикка лакхахь топ иккхича, тата тулгIешца дIасадахара, хи тIехула, шера тIулг санна, ген-генахь кхийса а луш.

Стаг, мох санна, охьакхечира: «Урс схьада, урс… хьакха ю моьттуш… йорхалахь ган а ца гуш… эсана топ кхетта сан…»

Тхойша хьалакхаьчча, эса деллера.

Важа а дара уллохь лаьтташ.

__________________

Стаг Iуьйранна цIа вахара, жимма воьхна хила а гIерташ, цигара вада сих а велла.

КIира далаза дара моьтту суна – пхи де олуш хезир-кх суна – важа эса делла карийча.

Эса Iуьйранна дIа а доьдура, сарахь цхьамма чу а даладора, «хьо ду-кх» аьлла, кхин хаалуш, цхьа хIума а дацара, наггахь Iаьхаш хазар бен, дукха чIогIа а ца Iаьхаш, ша-шега санна, меллаша.

Иза циггахь карийра схьа, важа дийнначохь, цу йорхала, охьадижина Iуьллуш санна, корта дегIа тIе а товжийна.

Чекхделира… ца делира, дерриг а акха кегаделира, сан – хIетахь – беран кхетамехь, юха хIинца а, шераш девлча…

Масане хезна-кх суна, цхьанхьа цIера шен воша велча (шала винчу вешех цхьаъ) кхечахьара воша кхелхина бохуш, хезна-хиъна хIумма а доцуш.

«Стаг-м – стаг вара, – ойла йо-кх ас, – цхьа са а, дог а, кхетам а болуш, хьайбанца дерг хIун ду техьа-кх, я хIун са, хIун къайле?»

Iожалла яц-кх – хета-кх суна, нахана моьтту Iожалла, – цхьаьнакхета дIасакъастар бен, цкъа мацца а цхьаьна хилла вай, юха а иштта цхьаьна деттадала…

Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).Тахана болхбеш ву "СтелаIад" берийн журналехь коьрта редактор.

КХИН А
XS
SM
MD
LG