ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльдерханова Зайнап. Нохчийн кхерч ган лаьа

Эльдерханова Зайнап

Ночийн кхерч ган лаьа

Дуьнен чохь дика вевзаш волчу Францин яздархочо Антуан Экзюперис «Жима Эла» дийцарна тIехь дукха юьйцу адамо шегахь товш йоцу мекарло лелор бахьанехь цуьнан сий лахдина гойту меттигаш.

Масала, цо боху: «Тамашийна адамаш ду-кх хьуна и баккхийнах. Ахь дIогахь, цхьанхьа цхьа цIа ду, шена гуонаха хаза уьйтIе а, зезагех яьккхина ученаш а йолуш алахь, иза иштта муха хир дара техьа аьлла, сурт ца хIоттало цаьрга, амма ахь цаьрга, духкуш I00 эзар франк доьхуш доккха цIа ду олий, цхьа а хало йоцуш, цуьнан васт бIаьргашна дуьхьал хIутту царна. Массоа хIума ахчанца дуста Iемина бу баккхийнах».

Вуьшта, бокъалла а хIундоьхур дара техьа, гуонаха юьйцина керт а йолуш, уьйтIахь таьIина баьццара бай а болуш, учахь йоьгIна утармаш айолуш, хаза, оьзда схьагуш болчу нохчийн кхерчах, нохчийн цIийнах? Нохчийн кхерч бан а буй техьа я эца а, я бита а нохчийн махкахь бисина?

Тахана, вайн заманахь, даккхийдеш, цецдуьйлуш хьоьжу вай ширачу бIаьвнашка. Вайн дай баьхна хIусамаш дIахеръелла вайх, амма, иштта дIайоьдучу замано я айаелла тIейогIучу цивилизацино доь дойуш ду нохчийн аматехь динчу цIенойн.

Цхьа зама йогIур ю-кх, вайн рагI дIаяьлча, 20-чу бIешарахь вай даьхна хIусамаш муха яра техьа хоьттуш, хаа лууш.

Халахета, тахана нохчийн адам дIахерлуш ду нохчаллех. Ков-керт, кхерч, ахча, духар, мотт, гIиллакхаш - царех цхьа а ца дисна юьхьанца ша хиллачу хотIехь.

Дийца хIума дац, амма, дагахь а доцуш, нохчийн хIусам яйча, бIешерийн тийналла йохош, оьзда аьзнаш, хьешийн маршаллаш, дай-наной боларш дуьхьал хIуьтту шашаха.

XS
SM
MD
LG