ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вайн махкахь нийсо-бакъо а ларьеш, Iедал хуьлуьйтур дара ас..."


Оьрсийчохь юкъараллин хьажам-хетарг толлучу центран Iилманчаша диначу зераша гайтарехь, оьрсаша уггаре а мехалчех мехала лоручех ю могушалла.

Цхьа эзар сов махкахойх дагабуьйлуш деллачу жоьпийн хьесап даро гойту хеттарш деллачара доьзалера хьал а, кхерамазалла а, дахарехь хьашт-дезарш листар а, таро-токхо хилар а мехала ларар.

Цул сов жоьпаш деллачара шайн дахарехь маьIне агIонаш лору балха тIехь кхиар а, юкъараллин, политикан дахарехь дакъалацар а, кхоллараллин болх а, садаIа аьтто хилар а.

Ала дашна, и тIаьххьарниш - юкъараллехь дIалоцу меттиггий, садаIаррий, а, самалхадаккхаррий боху кхетамаш вайнехан респонденташа хьеха а ца бо, уьш дуьненахь бан а боцуш санна.

"Могушаллий, ахчий ду-кх дезарг, тIаккха токхе хуьлу-кх дог а"

Бакъду, нохчаша а, Оьрсийчуьрчу бахархоша санна, хьалхайоккхург ю могушалла. Новр кIоштера юьртахой Асет а, Асвад ду хIара жоьпаш хазийнарш.

Халил: "Ас могушаллий болх-неккъий хуьлуьйтур дар-кх".

Асет: "Могушаллий, ахчий ду-кх дезарг. ТIаккха токхе хуьлу-кх дог а хуьлу токхе, тIаккха хьо ирсе а хета хьуна".

Шелан кIоштерчу Яхимат хетарехь, дукхахберш гIийла лол бетташ хене бовлуш бу.

Яхимат: "Суна сайн доьзал могуш маьрша а болуш, балхаца, некъаца а болуш, дахарехь дIанисбелла ган лаьар-кх. Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а нийсо-бакъо а ларьеш, Iедал хуьлуьйтур дара ас. Нахе харцо а ца кхийдош… КесталгIа и хилахь тамаша а бу-кх".

Ножай юьртан кIоштерчу гIишлошьярхочунна Ахматов Iаднанна хетарехь ша цхьаъ ирсе хуьлийла а дац стаг кхиберш гIелонгахь а болуш.

"Махкахоша вуно мехала а лоруш, сатуьйсург ду шалхонаш, моттаргIанаш а йоцуш, Iедало къоман хьашт-дезарш юьхьарлацар"

Iаднан: "Тахана суна мел оьшуш долу хIума, рицкъ Дала суна схьаделла масала. Могушалла а ели, чуьрчарна а ели… И ян а йолуш со ирс доцчу адамашна юккъехь вехаш велахь, иза ирс дац стеган.

Хьуна гондIа деха адам ирсе дехаш делахь, уьш белабелла, бекхабелла белахь, и нах вовшашка хьовсуш, вовшех самукъадолуш белахь и ду ирс!

ТIаккха хета суна иза ирс. Стеган бахам а, цуо шен чохь нисйина бIегIе а, кхечеран доцуш долу хIума дара аьлла иза стеган ирсан кхачо хуьлийла дац.

Хьан халкъ, мохк маьрша а боцуш, адамаш ирсе долчу юкъараллехь хьо вехаш вацахь, хьан ирсан тоам-кхачо хуьлийла а дац. Ша цхьаъ стаг ирсе хуьлийла а дац".

МогIарерчу нахах дага а вуьйлуш бинчу талламаша гайтарехь, коьртаниг могушалла ларар а долуш, махкахоша вуно мехала а лоруш сатуьйсург ду шалхонаш, моттаргIанаш а йоцуш, Iедало къоман хьашт-дезарш юьхьарлацар а, кехаташ тIехь а доцуш, дахарехь белхан меттигаш кхоллар а, шена хетарг дIаала хIоьттинарг, шакарца-маьхьарца леха а лоьхуш, жоьпе цаийзавар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG