ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийнчуьра пресса: Оьрсийчоьнан дозанхо вийна Шемара цIабогIучу нохчийн тIемалоша


Оьрсийчоь -- Украиница доза. Ростох кIошт, Маршо Радион архивера сурт. 2017.
Оьрсийчоь -- Украиница доза. Ростох кIошт, Маршо Радион архивера сурт. 2017.

Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша дийцарехь, Курскан кIоштахь Теткина эвлан йистехь дозанхошна тIелатар дина герзаца хилачу наха. ТIаьхьо хиина цигахь «Нелегал» операци дIахьош хилла хилар ницкъаллин структурийн белхахой.

Оьрсийчуьрчу vladtime.ru зорбанан гIирсо дийцарехь, чохь цхьацца гIирс а, кира а латточу гIишлонна таллам беш, цу чуьра, герз а диттина, муьлш бу ца хуучу наха вийна жIаьлица хилла дозанхо. Дийцарехь, и нах байина.

Официалан болчу хаамца, уьш хилла, Шемахь тIом а бина, Украинин территори тIехула Нохчийчу цIа богIу нохчийн тIемалой. Царах цхьаъ Украинин махкахо ву бохуш, дуьйцу зорбанан гIирсаша.

Билггал хилларг хIун ду цкъачунна къасто аьтто бац.

Маршо Радион хьастано дийцарехь, Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанехь висина 200 нохчо вуй-те Европехь дIабахначу вайнахах, я Кадыровна луург-ду-те иза, аьлла.

Украинехьа Донбассехь тIом беш бу Нохчийчуьрца тIамех чекхбевллла иттаннаш нохчийн тIемалой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG