Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета гIортарна бехкевинчу меттигерчу вахархочунна Мамакаев Хьамзатна кхайкхийна 4 шо хан хийцам боцуш дитина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело.
"ТIехьа-Мартанан кхелан сацамца тоьхна 4 шо сов хетта, адвокато латкъам бинера Лакхарчу кхеле. Массо а агIор гIуллакх юха листинчул тIаьхьа кхело тIечIагIйина ТIехьа-Мартан кIоштан кхело тоьхна хан", - аьлла, дийциана «Кавказан узел» агенталле талламхочо.
Кхелан тоьшаллашца, Мамакаев Шема ваха гIерта масех бутт а хиллера. Новкъавалар ца нисделла цуьнан, тIехь терго латточу полисхоша лацаран бахьанца.
Мамакаевн доттагIаша а, герарчара а харц кхел йина лору цунна, цара бахарехь, цхьана а кепара Шема ваха лаам цо гайтина бац.
Кегийрхошлахь Шемарчу тIамех къамелаш дар доцург, цуьнгара даьлла хIума даца, чIагIдо цара массара а.
Маршо Радионо яздира, Шелан кIоштарчу кхело листа долош хиларх Чири-Эвларчу вахархочунна Балатбиев Изноврана дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх. Иза бехкево Шема нах хьийсош хилла аьлла, ткъа оццу юьртара бизнесхо Гехаев Хьасана ахчанца гIо латтош хилла аьлла, новкъабовлучарна.
Адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а тIе ца дуьту, и ший а бехкехилар.