ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти. Ас лоруш йолу кхел



Бисултанов Апти

АС ЛОРУШ ЙОЛУ KXEЛ

сан зудчо
тхойшиннан дIасакъастаран а бахам бекъаран а гIуллакх
шуьга делла хиларна
суна хIокху кехатца чIагIдан луур дара
со
цуьнан лаамна реза хилар а
бахам бекъаран сурт хIокху кепара хуьлийла сайна лаар а
сайна ма-хеттара и кеп ялайо ас:

I. цунна - диван
суна - оцу диван тIехь цуьнан хиъна Iар

2. цунна - куьзга
суна - оцу куьзгана чуьра цуьнан тIаьххьара къажар

3. цунна - стол-гIант
суна - оцу стоьла тIехь даима а Iуьллуш хилла тетрад
ручкий хIора буса корехь къежаш хилла беттасий

4. цунна - мотт-гIайба
суна - наб яйна буьйсанаш

5. цунна - сервант, пхьегIаш
суна - оцу пхьегIаш тIехь йисина цуьнан куьйгийн йовхо

иштта цунна кхочийла луур ду суна
цу хIусамехь кхиболу цхьацца кIезга-мезга бахаман
гIирсаш а
ша ма-дарра цхьа хьостам хьабанза и цIа а
цул сов
сайна йита луур ду суна
цу цIийнан корехь хIора буса йогуш хилла серло а
сагатделча цу цIийне бIаьрг тоха ван бакъо а
тхойшиннан бахам кхин боккха хилла а ца хиларна
луур ду
аш шайгара доьзалх йоьхначу зудчунна гIо деш кху дуьнен
чохь делахь ирс лохийла а
и цунна дIалойла а
декъана цуьнца дIанислуш
ас сайна юьту гIайгIий лазаммий
кхин цхьаъ луур дара суна
тхойшиъ цхьана дехачу хенахь лулахойх лачкъийна хIума
доцуш
дерг цаьрца доькъуш
даьхна хиларна
дакъа деш
царна а йитар тхойшиннах лаьцна эладитанаш даха бакъо
айса ялийначу декъаран кепехь хIора а агIо механа нийса
хир ю аьлла, хета суна
иштта сайн зудчун лааме хьаьжна а хир ву со

ШУ ЛОРУШ ВОЛУ ХЬЕНЕХ

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG