ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:06:24 0:00
Линкана тIе

Бексултанов Муса

Дегабаам

Цхьа хIумма а доцург дара, цунах цхьа бахьана далла, хиллера-кх, дара

аьлча а – дов дала я дегабаам бан – я хIума хила хIумма а, хиъна Iаш, цхьацца алар бен, я гондIа дIасахьажар, я иштта цхьа къамелаш, я хабарш, къийсадаларш… Цунна-м цхьаъ ца тайра тIаккха, юха хьуна – кхин, юха цунна а ахь аьлларг тIаккха я хьан вистцахилар, хьайн ойланаш, вицвалар…

Дахделира, ловзар санна, бегаш санна, гена а долуш, шуьша вовшийн кхета а моьттуш, шаьш бийриг бегаш буйла…

Хьуна моьттура, бегаш бу я цунна иза бен а ца хета, ахь дуьйцург бакъ адина, цунах цхьа бахьана далла…. Долу-долуш, дIа генадаьлча, юхадерза некъ ца карийра: дегабаам Iаьира тIаккха, цунах болу я хьайх, я шуьшиннан вовшех, хьуо цунна дика цавовзарна, цакхетарна, хьалхара дуьйна кху денналц хьо мила ву а ца хьожуш я мила хилла, мила висина…

Я иза цуьнан бехк а бацара, иза жима яра, ткъа шо дуза кхо шо оьшуш: цунна гушдерг бен ца гуора, шена ган луъург бен, безамо шега бохург бен я шена иштта ду моьтту цхьаъ бен доцу бакъдерг шен….

Шо хьалха дара, дуьххьара хьуна иза гучу дийнахь, светофорана хьо сацавелча – автобусан социйлехь, – хьоьжуш лаьттачу нахалахь, тайниг санна, къаьстара иза, дуккха а йолчу ловзаргашна юккъехь къаьста ловзарг санна.

Лекха яра чIогIа, синтар санна кура айелла, духарца бIаьрла, ши бIаьрг бен, гуш хIума а доцуш, нанас юзош кхиийна, баца тIехь йина буьхьиг санна, сонта юсийна батт а йолуш, хьажтIехула кIозарш а хьаьдда, кIарула Iаьржа кхозу кIозарш.

Хьо сецира, дехьа а ваьлла, йоIа хIун до хьажжалц, соцуш. Хьо автобусан тIехьарчу неIарх хьалавелира, социйлехь автобус моссаза соцу, йоI охьайолу, ца йолу хьожуш. ЙоI тIаьххьалц дIаяхара, тIаьххьарчу социйлехь, автобус юхаерззалц. Охьаелира, цхьацца ког а боккхуш, сиха йоцуш, меллаша, хIара дуьне а, латта а, шена ког ловза кхоьллича санна, цхьана дезачу дозаллийца, иштта шортта дIа а йолалуш, хIора а ша ког ловзарехь латта декхарна дуьгуш санна.

Цуьнан дерриг а лерина дара, цхьана бараме далийна, сиз тоьхча санна, дIанисдина, оркестрах дIахIоттийна, куога буьххьера коьрте кхаччалц хIора мIаьрго тидамехь а йолуш.

Иза цициг дара, кура цициг, цхьаъ бен доцу акха цициг, догIа деанчу Iуьйрана, тхьине тIод ца тIададойтуш, баца тIехула доладала дагахь нанна юххера гIаьттина лела.

ДIа а яхара иштта меллаша, цхьаьнца а йоцуш, ша цхьаъ, хьалха буьйлурш хьалха а буьйлуш, цхьанхьа а кхача сиха а йоцуш, шен тодинчу курачу боларца, хебаршка уьду Iаьржа еха юбка яйчу тулгIешца дIаса а лесташ, ког ловзарца, мас а тохалуш, букъ буьззина шера охьахецна варкъаца мерца Iаьржа мас.

Хьо генна цунна тIаьхьа соьцура, цуьнан тидам ца хилийта, бIе я ши бIегIулч. Лекха ков долчу керта улле дIанислуш, белшаш тIехула схьакъаьрзира, деха цкъоцкъамаш ирх а довдуш.

Чуяхара, схьа а ца хьожуш. Ков меллаша тIекхийтира, де буьйсано ма -къовллара, кевл тIаьхьара сатийсам берриг а хьуна дIа а къовлуш.

КIира делира, я кхо бутт, я кхо шо, абаде, шуьша дуьххьара дистхиллалц, цIе хатталц, довззалц.

КIира, бутт баьлча я ахшо, некъан кафехь хиъна Iаш, уллехула дIаса наха лелаш, къена даккхийчу дитташна кIелахь, цхьацца дуьйцуш, забарш еш, дIасахьоьжуш, дуьйлуш Iаш, цIузамца стакана чуьра мутт ийзош Iачу цуьнан, Iоьттича санна, сецна хьажар, бIарзделча санна, лацалуш.

Хьо бегаше, хьайн забаршца цунна цхьаъ дуьйцуш, дIасахьоьжуш, цхьаццанга байн корта таIош, ца кхуьуш, ца кхеташ, пхиъ, итт, пхийтта минот яьлча: – Ваьллий хьо? – хаьттира цо.

– Муха ваьллий? – Иштта, айхьа дийриг дина, хьайна хетарг!

– Со ца кхета, – элира ахь, вела а велла, дагадан я дагадаийта гIорта цхьа а хIума а доцуш дагахь. Цо цхьаъ-м элира юха, юьхь а, чаккхе а йоцу цхьа хIума, хьо духе цакхуьург. Ахь юха кхин, айхьа олург хIун ду а, хIунда олу а ца хууш. ТIаккха цо дуьхьал цхьаъ, ловзаргахь пхьа баста йоIа кIанте я кIанта цуьнга луш долу хала хаттар санна. Цхьа хIумма а доцург дара я хIума хила хIумма а.

Дахделира, ловзар санна, бегаш санна, гена а долуш, шуьша вовшийн кхета а моьттуш, шаьш бийриг бегаш буйла.

ТIаккха юха иштта ца кхеташ, ца моьттуш, цахьежнарш я дагахь а цахилларш оццала долчу дуьненахь, аша шаьшшинна кхоьллина долчу, шуьшиъ бен, кхин воцчохь, хир а воцчохь, хилла а цкъа а, шун гIенех лаьтта дуьне я хьегамех, сатийсамех, абаде цхьа буьйса хилча – шун ойланийн мIаьрго –буьйса, – мIаьргоннал кIезга дуьне, цкъа хьажжалц, бIаьра хьажжалц, цкъа вовшийн бIаьра хьажжалц ца тоьъна хилла маьлхан де а…

– Са ма лозу сан, – элира цо, цхьа кIира даьлча, дуьххьара, дуьххьара соьга йистхуьлуш, – хIун ди-кх ахь суна… суна иштта хала ма ца хилла… хьо кIира хьалха, маца, стомара…хьо цхьаьнга, цхьана йоIе, хьо дIахьаьжча, суна уллера цуьнга дIахьаьжча…

– Муха?! Маца?! Хьаьнга… ахь…ахь хIун дуьйцу, ахь хIун йоI, мила йоI…

– ХIун бен ю, цхьана йоIе… – балда дегийра, лахара балда, дуьненах цадашшал кура дусаделла сонта хилла балда а, кIаьгнашка уьдуш, хебаршка, юха горглуш, хецалуш…сецна ши бIаьрг а, беттан буьйса санна, хин тIадамаш а, деза, даккхий, мохк бегош санна хиэташ, наггахь цхьацца лаьтта бужу.

Со дуьххьара, сайн дахарехь, сайн дахарехь дуьххьара – ца кхеташ кхийтира, йоьIан сих са кхуьуш, йоьIан сих дуьнен чохь цхьа а кхетар воцийла цкъа а…

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).Тахана болхбеш ву "СтелаIад" берийн журналехь коьрта редактор.

КХИН А
XS
SM
MD
LG