ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батаева Хеда. Сийна Сибрех


Вайнах махкахбахар. Архивера сурт.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:30 0:00
Линкана тIе

Батаева Хеда

Сийна Сибрех

Суьлхьанан буьртигаш пIелгашца керчадеш,
МаьркIажан боданаш тийналло Iадош,
БIаьрхишца Iийдалуш мел гина эрчонаш,
Сих-сиха йоьлхуш Iаш хуьлура Баба.

Масех шо кхаьчна бер ду со цу заманчохь,
Ца хIуттуш маьркIажан тийналла йохон,
Сайн Бабин бIаьргаш чу йижначу паналле
Хатта ца хIуттуш со и хIунда йоьлху.

Де-дийне долура, йоьлхура Баба сан,
Цхьатерра хуьлура маьркIажан бода,
Эххар а, хIетахь а туьйранех хаданза,
ГIоьрти со сайн Бабин къайлене кховда:

Хьо хIунда йоьлхуш ю, бIаьрахиш Iенадеш?
Соьга а дийцахьа, эли ас цуьнга.
Меллаша со кара хаийра шена цо,
Дийцира куьг хьоькхуш сан жимчу куьйгах:

Дара и хьо йина йоцучу заманчохь,
Базара яхча со луларчу эвла,
Салташа цIеххьана го бира базарна,
Ара ца волуьйтуш дуьхьалабевлла.

ЦIеххьана шийла кхаъ тхан лере кхиира,
Сийначу Сибреха дIадуьгу аьлла,
Тхайх хуьлуш долучух кхета а кхиале,
Тхо йиъ дIаедира гонера яьлла.

ТIехьашха топ тоьхна цхьаъ йожайира тхох,
И маре яханза кхиъна йоI яра.
ТIаьхьашха беттара тхуна шайн боьха мохь.
Юьртахо йисира Iожаллин марахь...

Даьндаргийн шок екаш кортошна тIехула,
Идира, керташна тIехула лелхаш.
Дерриге дIадийца дешнаш а тоьур дац,
Дерриге далхадан тоьур дац бIаьрхиш.

Тхайн юьрта дIакхаьчча хилла и къематде
Кхин цкъа а ма гойла дуьненчохь цхьанна,
Бедар тIейоха а ца дуьтуш шена тIе,
Адам дIадохош ду шийлачу IаьнтIехь.

И некъан бохалла тхайн декъий эгадеш,
ГIурано сенйинчу Сибреха кхечи.
Дийна мел виснаверг веллачух хьегавеш
Еара цул тIаьхьа мел лайна эрчо...

Поппарах биначу кошарин пена тIехь
КIан буьртиг чохь болу чамхалгаш лехьош,
Церг цергах етталуш эгадеш шелонна,
ЦIадуьгур ду, бохуш, тхаьшша тхаьш Iехош...

Ши шо бен кхачанза сан жима беран цуьрг,
Дуьххьаралера сан доьзалхо хилларг,
Яллалца йитина сан дагна дера чов,
Каш хилла вуьйжира мацалла-мийлла...

Шо-шаре дийларах, Iай-бIаьстей хийцалуш,
Де-буьйса хийцалуш дIаэхарх зама,
Йоьлхий со-м дуьненан къематде диц ца луш,
Йоьлхий со-м дицдарна кхоьруш и кхана...

Цу Бабин дийцаро сан туьйра хийцира,
Йовзуьйтуш селхане, гайтира кхане.
Вай кIарлагI югIур ю, и де а дицдина,
Вайн къоме и дицде мел бохучарна!

Батаева Хеда. Байтанча. Нохчийн яздархойн цхьанакхетараллин декъашхо.

Йина 1970-чу шарахь ГIойчу (СаIдин-кIотар) юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлжа-гIалин Хьехархойн Училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь. Байташ зорбане йийлина масех юкъара гуламна тIехь: "ТIома лакхе", "Ма деха дара и Iа", "Малх лаьцначохь", "Нана Нохчийчоь". Иштта дийцарш а, байташ а зорбане йийлина "Орга", "Вайнах", "СтелаIад", "Нана" журналаш тIехь а, газеташ тIехь а.

Арсанукаев Шайхи яздархойн цхьанакхетараллин куьйгалхо волуш, 1993-чу шарахь Хеда цуьнан декъашхо схьаийцира.

Шен гулар арахеца Нохчийн издательстве дIаелла байташ 1995-чу шарахь егира Хедин. Ткъа 2002-чу шарахь гулар арахеца йоьлча, Iедало беш хиллачу бехкамашна реза а ца хилла Хедас шен байташ юхаийцира.

Болх бина ГIойчу юьртара а, Олхазар-кIотарара а ишколашкахь а, "Орга", "СтелаIад" журналийн редакцешкахь а, телевизионехь а.

1985-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн республикан поэтийн конкурсехь 2-гIа меттиг яьккхира Хедас шен пхийтта шо долуш. Ткъа шен шийтта шо долуш, шен дуьххьарлерчу байташца "Пхьармат" цIе йолчу нохчийн яздархойн цхьанакхетаралле а кхечира Хеда, шен ишколерчу хьехархочо Исламов Мохьмад-Салахьа шеца цига йигна. Цигахь Хедина дуьххьара бевзира нохчийн тоьлла болу яздархой а, поэташ а: Яндарбиев Зеламха, Бексултанов Муса, Шайхиев Iалвади ("Пхьарматан" куьйгалхо), Джумалаева Лула, Цуруев Шерип иштта кхиберш а.

Тоьлла болу нохчийн меттан а, литературан а хьехархой хилла Батаева Хедин ишколехь а, Хьехархойн Училищехь а, Университетехь а: Бисултанов Апти, Озниев Хьусайн, Итаев Бауди, Джамалханов Зайнди, Вагапов Iарби, Джамбеков ШаIрани иштта кхин а.

Карарчу хенахь ехаш ю Францехь.

XS
SM
MD
LG