Бакъонашларъярхошна тIехь харцо лелийна дуьненахь а гIарадийлинчех цхьа гIуллакх листина дац Къилбаседа Кавказехь. Амма бакъду, бакъонашларъярхошна дуьхьал доху гIуллакхаш тIехдикаллица толлу ницкъаллийн структурийн белхахоша.
Нохчийн, гIалгIайн дозанаш билгалдаьхначул тIаьхьа Магасехь протесте бевллачу нахаца цхьанакхета вахна Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Amnesty International организацин векал Козловский Олег лачкъийна дIа а вигина, йиттинера цунна.
Ша вигинарш экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) белхахой бара аьлла, шек ву Козловский. Карарчу хенахь Оьрсийчуьра вада дезна цуьнан, ткъа Дуьненаюкъара Amnesty International организаци талламан жамIашка ладоьгIуш ю.
Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" бакъонашларъяран организацин офисан куьйгалхо Титиев Аюб дIалацаран официалан бахьана ду, цуьнгара 206 грамм марихуана яккхар. Тахана Кавказехь уггар а тидам тIаьхь лаьттачех ду и гIуллакх. Карара шо доладелча лаца а лаьцна, талламан изоляторчу воьллира Титиев.
Цуьнан довхаттар федералан тIегIанехь хилийта дуьхьало йира регионан Iедалша. Бакъонашларъярхочун хIусам дIахьаькхира, цуьнан доьзалан Нохчийчоь дIатаса дийзира.
Амма хIетте а шега кхийдо бехк тIе ца лоцу Титиевс. Байначу баттахь цуьнан кхелан процесс къевлинчу рожехь дIаяхьа сацамбира суьдхоша. Адамийн бакъонийн гIаролехь латтарна аьлла, Гавел Вацлаван цIарах шена совгIат дарх хиира Титиевна дахначу кIиранах. Цуьнан цIарах Страсбургерчу кхеле деана кехатан чулацам ишта хиллера:
"Бух боцуш бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал ийдар, нах лецар сан даймахкахь барам хилла дIахIоьттина даьлла. Суна дуьхьал даьккхина гIуллакх кхи дIоггара инзаре дац: хууш ма хиллара, дукхахболу бехкаш етташ, тIехь Iазап латтош тIелоьцуьйтуш бу".
Титиев лаьцна кIира даьллачул тIаьхьа ГIалгIайчохь муьлш бу ца хуучу наха цигарчу "Мемориал" офисах цIетесира, кхин а масех кIира даьлча къизаллица йиттира Дагестанерчу офисан куьйгалхочунна Дациев Сираждина. Куьйгбехкенаш хIинца а каронза бу.
Кавказехь бакъонашларъярхошна етта, юкъ-кара царна дуьхьал гIуллакхаш а доху. Масала, царех ду ГIалгIайчоьнан оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна дуьхьал даьккхинарг. Бакъо йоцуш герз лелийна, Iедалхойн векалш аьшнаш бина, Евкуров Юнус-Бек а цхьана аьлла, яздина цуьнан гIуллакхан материалашкахь.
2015-чу шарахь дIа а язйина, яржийначу видео тIехь карийна Iедалхошна сийсазе къамелаш. Цу видео тIехь Хазбиевс критика йо полисхошна а, республикерчу хьаькамашна а. Иштта цо дуьйцу, ГIалгIайчоьнан Iедалхой нах лечкъорна а, байарна а бехкехиларх Евкуровн гонерчу нахера ша къайлах тоьшаллин материалаш эцарх а. Цабезам, гамо яржор ду иза элира талламчаша. ТIаьхьо экстремизм яржор аьлла, кхи цхьа артикл а тIетуьйхира цара.
2016-чу шеран Зазадоккхучу-баттахь ГIалгIайчуьра Нохчийчу боьдучу новкъахь журналисташна а, бакъоларъярхошна а йиттира, уьш чохь боьлху микроавтобус а сацийна, "Приораш" чуьра аралилхинчу наха. ТIелатарх тоьшаллаш а доллушехь, "Медиазона" хьостан журналисто Сковорода Егора диктофонца дIаяздинера хилларг, хIетте а тIелеттарш хIинца а Iора ца баьхна.
Оццу шеран Охан-баттахь Нохчийчохь лачкъийра, тIаьхьо бехкзуламан гIуллакх долийра "Кавказан узел" агенталлан корреспондентна Гериев Жалавдина дуьхьал. Гериевс дийцира, ша полисхоша хьуьнха дIавигарх а, шена еттарх а, садукъорах а, вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсарх а. Нохчийчоьнан Iедалхошна дуьхьал болх барна бехкевечу цуьнга мукIарло дайтира, марихуана яьккхина шегара аьлла. Оццу шеран гурахь набахтехь даккха кхо шо кхайкхийра Гериевна.
2017-гIа шеран чакхенехь 4 шо набахтехь даьккхина, маьршавелира юкъаралхо Кутаев Руслан. Цуьнгара наркотикаш яьхна аьлла, бехк тIечIагIбира кхелахоша. Ткъа цуьнан белхан накъосташа дийцарехь, ма дарра долу бахьана хиллера – 2014-чу шарахь нохчийн къам Сталина махках даьккхина 70 шо кхачарна лерина цо вовшахтоьхна горга стол.
Сочехь йоьдучу Олимпиадица цхьана нисделлера цу шарахь и терахь.
Ткъа "Новая газетан" хаамашца, йоллу Къилбаседа Кавказерчу республикашна хIетахь дихкина хиллера Сталинан репрессешкахь белларш дагалоцуш цхьана а кепара барамаш хIитто.
Конференци йирзина масех де даьллачул тIаьхьа дIалецира Кутаев Руслан.
Бакъонашларъярхошна тIехь лелочу зуламех тахана а уггар а луьрачех, доллу дуьнено а цхьана дийцинчех, дуьйцучех дуьссу мел хан-зама яларх а - "Мемориал" центран хилла белхахо Эстемирова Наталья ер. Оцу зуламна бехкенаш хIинца а карийна бац.
"Тахана Оьрсийчохь бакъонашларъярхо хила кхераме а ду, хала а ду"
Amnesty International организацин белхахочунна тIелатар даран хIун бахьанаш хила тарлора дийцина "Максимов Егорца суьйренаш" программин эфирехь Малхбалерчу Европехь а, Юккъерчу Азехь а Amnesty International регионалан директоро Кривошеев Дениса.
- ТIе ца кхуьу со, Amnesty International организацин векал ву аьлла, Олегна дина тIелатар дара иза, я цо бен болх ца товш, я цо цкъа мацах бинчу белхашна тIехула ду иза. Амма цхьана хIуманах дика кхета вай – тахана Оьрсийчохь бакъонашларъярхо а, тергамча а, юкъаралхо а хила хала а ду, кхераме а ду.
Тхо масийттазза хилла ГIалгIайчохь. Кхин а халачу Iалашонашца а нисделла тхо цигахь, масала – къайлах нах байарца, барца доьзначу бахьанашца. Хьанна моьттура, маьрша митинг йоьдучу юкъанна цу тайпаниг хир ду аьлла. Цундела Козловскийна тIаьхьабевллачу нехан хIун Iалашонаш хилла, я уьш муьлш хилла, цкъачунна олийла дац.
Amnesty International-ан болх хIуммаъ атта а бац, тхо лелачу цхьайолчу меттигашкахь я тIеоьцуш а бац. Амма хIетте а цу кепара хIума хIинццалц схьа хилла дацара.
Цхьабакъду, 2007-чу шарахь "Мемориал" центрера бакъонашларъярхо Орлов Олег а, цуьнца хилла телевизионан тоба а лачкъийра Несарахь, оццу ГIалгIайчохь. Кхерамаш тийсинера, сийсазе къамелаш динера. Цуьнца дуста-м догIу Козловскийца хилларг а.
Делахь а, цул тIаьхьа 11 шо зама яьлла. ХIетахь кхин куьйгалхо вара, кхин хьелаш дара. Цул тIаьхьа дуккха а хийцаделла аьлла хетахь а, Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчохь а бакъонашларъяран болх кхераман зил кIел лаьтта хIинца а, тоххар а санна. Оцу хьоло сагатдойту.
Козловскийна тIехь лелийнарг оха тесна дуьтур дац, и гIуллакх теллина даллалц. Магас - республикан коьрта шахьар ю. Цигахь ца хуьлийла дац гонах камераш, урамашкахь полисхой, хьешан цIийнехь дуккха а белхалой бу, царна ца гуш чу-ара бовлийла дац. Оцу дерригено а аттачу доккхур ду гIуллакх таллар. Доцца аьлча, гергарчу заманчохь таллам барехь тхайна прогресс гур ю аьлла, тешна ду тхо.
Талламхойн жамIашка ладоьгIуш Iе вай, цунах йист ца ялахь, тIаккха цхьаъ дер вай.
"ГIалгIайчуьра хьал Нохчийчуьрчул а гIад дайна дац"
Human Rights Watch организацин векал Локшина Татьяна Къилбаседа Кавказехь болх беш йолу 16 шо ду. Дагахь доцчу агIор Кавказехь бакъонашларъярхойн болх хийцалур хиларх дийцира цо.