ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь а санна, газах шайн декхарш а дита бохуш, арабевлла кхечу регионашкара депутаташ а


Смоленскан кIоштарчу а, Чувашерчу а депутаташа прокуратурашка дехар дина, Нохчийчохь а санна, шайн бахархой а декхарх мукъабаха аьлла. Халкъ дуьхьал гIаттарна кхоьруш, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело "Газпром межрегионгаз Грозный" организаци декхаре ярх махкахошна тIера коммуналан йолах долу 9 миллиард сом тIерадаккха аьлла, яздира Маршо Радионо.

"Шуьйрра дIа а кхайкхош, декхар охьадилла дезашверг жоьпалле ийзоро иза дан амал дацарна холчахIоттаво. Оцу бахьаница ерриг юкъаралла сингаттаме кхачайо. Ткъа оцу хьоло сахьт дац бахархой протесте баха а", - аьлла, дIахьединера прокуратурано.

Оцу сацамо карзахбаьхна дуккхаъчу регионашкара бахархой а, Iедалхой а аьлла хета экономистна Зубаревич Натальяна.

Уггар хьалха Красноярскерчу депутато Притуляк Дениса шен Фейсбукерчу агIон тIехь пост хIоттийра, Красноярскан кIоштарчу бахархошна тIехь мел долу декхар а дIадайар доьхуш.

"Со тешна ву, йоллу Краснояркан кIоштахь бехарш а мукъабаха беза кредитех, коммуналан хьаштех, гIаданех гулделлачу декхарех аьлла. Цу кепарчу амнистино вайн экономика тойийр ю, бахархойн дог-ойла а ойбур ю", - яздинера депутато Притуляк Дениса.

Цунна тIаьххье КПРФ фракцин депутаташа кхайкхамбира регионерчу парламентехь Смоленскан прокуроре, Нохчийчуьрчу кхелан материалаш листий, цу кеппара иск чуяла тарояр хьоьхуш.

Бахархоша газах тIехьарчийна декхар дIадайа аьлла, меттигерчу прокуроре кхайкхамбина иштта Чувашин Республикан Пачхьалкхан кхеташонан депутато Степанов Константина а. "Нохчийчоь а, Чуваши тера ю вовшах. Шиннан а гулделла газах миллиардашкахь декхар. Нохчийчуьра прокуратура кхелехь тоьлла, цо бахархошна тIехь лаьтта 9 миллиард тIерадаккхийтина. Тхо а дац царел оьшуш. Цундела прокуроре филиалан балха тIехь цара санна талламбе аьлла, дехна ас", - яздина депутато шен Фейсбукан агIонехь.

Башкирин депутато Чувилин Дмитрийс шен "ВКонтактерчу" пена тIехь дехар дина пачхьалкхан прокуроре Назаров Андрейга, Нохчийчоьнан масал тIехь, шайн республикан бахархой а газах гулделлачу декхарх баха аьлла, шайн махкара бахархой цхьаннел а оьшуш цахилар билгалдоккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG