ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бексултанов Муса. Эладита


БЕКСУЛТАНОВ Муса

Эладита

Цхьана сарахь хьаша цхьа юьрта чувулу машенахь.

Юрт – ломан юрт хуьлу, даккъашкахь, Iин чохь Iуьллуш, шеран коьртехь, наггахь бен, воьду-вогIу стаг а ца кхочуш.

ЦIенош дIасакхиссина ду, малх, бутт санна, ген-генахь.

Машен Iаьржа, еха ю, инзаре-хаза, кура машен, юьртахошна цкъа а гина а йоцу, хуьлу олуш, хезна а йоцу, кура, еха, еза машен.

Куьзганаш а ду, Iарждина, гуш. Чохь Iачу стеган аьрру пхьарс Iуьллу парггIата охьадаханчу куьзгана тIехь.

Стаг дIаса а ца хьожу.

Нах тIаьхьахьоьжу машенна.

Нах иштта буьсу, хьаьжжинчохь.

Бераш а ду тIаьхьауьдуш.

Котамаш а йовду некъа тIера дIа: «Къакъ-къийкъ, вакъ-вакъ!» – дарца, ченашлахь луьйчуш Iийна.

Зударийн баганаш гIаьтта, шайн гIуллакхаш а дицлуш.

Мехкарий а ловчкъу, чууьдуш, шаьш тIехь беркъа дIа ца гайта

– Иза мила ву, мичара?! – хоьтту зударша вовшашка.

Цхьанна а гина, хезна а вац.

Мичара ву а ца хаьа я кху юьрта хIунда веъна а, мила волчу я хIун лоьхуш!

Машен тIех йол-йолучу цIа чуьра зударий арахьовду, орцанна санна, сиха, каде, машен мича, хьаьнга йоьрзу, толлуш.

Машен иштта дIатIехйолу, Iин чуьра хьала гу тIе йолуш, гу тIера юха Iин чу юлуш.

Зударий вовшашка хьуьйсу, цхьаьнга хоьттуш, юха вукхуьнга.

Массара а гIараш йо, шайна ца хаьа ца олуш, бакъ-харц цхьа пуьташ а кхуллуш: «Цхьаъ хир вара иза-м, – олуш, – цхьа тодакх, хьенан-мичара хIун ю ца хуу, тилаелла лела цхьа йовсар, москал санна, юса а елла… ХIун ду кхуьнан машен хилча, виран ворданан а хуьлуш йолу и чкъургаш!

Куьзганаш гирий хьуна цуьнан бIаьргех дехкина долу, неIарна тIе биллина пхьарс а, хIара мила цецваккха воллу я хьаьнга тамаша байта!» – кхин дийца-ала ца карадо, гушдерг бен, дийца, хIума дац, хьенан-мичара ву ца хиъча, дийца хIума муха гуллур ду…

Буьйса юлу тIе, бода буьжуш, маьI-маьIIехь кораш лета.

Зударийн синтем бов, иза мила ву, мичара – цуьнах дийца-ала хIума доцуш я дийца хIума ца дитинчу кху юьртахь тховса каро хIумма а доцуш, цу стагах доло, кхолла, иза къажвеш, ахкарх ваккха, вийна, верина, охьавилла.

Мехкарийн ойла акхайолу, кхин дуьне, мехкаш гуш, яккхий сирла гIаланаш, кIайн духарш, безамаш, еза, еха, Iаьржа машенаш а.

–––––––––––––––––

Тховса кхин лаца хIума доцуш, дIадели-кх моьттинчу хенахь, юхайогIучу машенан гIовгIа кхочу синалергашка, цу урамера массо а зуда корабIаьргашна тIе а хьодуш.

Машен йогIуш геннара го, басешкахула, даккъашка кхийс-кхийсалучу серлонах, цкъа довш, юха гучудолуш, лечкъаргех ловзуш санна, юьртан синтем хьеребинчу, коран кисеш дIасаийзош, кор доьллуш, арахьожуш, резинкех яхъян санна, еха кхийдочу вортанашца.

Ерриг а юрт корах летта, миноташ яхъелча, машен Iаьржа гучуйолу, Iаьржачу боданера схьа, летта чиркхаш а, стогарш а долуш, цхьа паргIата, меллаша шершаш, охьадахана ши кор а гуш, чуьра схьа гIийла эшар а Iенаш, корах аракхозучу куьйган шина пIелга юккъехь йогуш гуш цигаьрк а йолуш.

Машен дIатIехйолу иштта, цхьана цIийнах дехьа ялале, вукху цIийнаца дIа а нислуш, йол-йолу-уш, юьртах йолуш, гIовгIа туьлуш, серло йовш.

Корийн раманаш тIеттIа еттало, кисеш детта дуьхьал дIаса, деза- даккхий синош доху, мила-хIун ду цахаарна, хьанна веана, мила лоьхуш…

–––––––––––––––––

Сахуьлу-кх юха цIеххьана, ша хуьлуш ма-хиллара, цу Iуьйренца синтем бохьуш, лакхара охьа хабар а даьржаш:

– Вай, со яла хьан делаI, и мила хилла хаьий хьуна?

– …………………………………..

– ДIаялахь, бакъ хир дац!

– Дера ду-кх, дукха бакъ-м, Серижас шен маттах схьааьлла-м!

– Вадатта, сан Дела, хIара дуьне муха лаьтта-те!

– ……………………………………………….

– Вай-вай-вай, сийна цIе яла шайтIан коьртах, ахь боккъал!

– Дера боккъал-кх, дукха чIогIа боккъалл-ам!

– Хьажа хьо, мила хилл-хилла!

– Вайна кураллаш ян оьшуш ма дац, дера дац, нехан сагIина буьхье а хиъна, бесачу кедан бух а къиэгаш, цуьнан нана лелла дага ца догIу хьуна, наха елларг бен, хIума а йоцуш, меца жIаьла санна, нехан бIаьра хьоьжуш…

– Вай, дера догIу, муха ца догIу! Маржана муха лов-те иза, дог иккхина, яла ца леш, и шен йоIаца ирахьIан вар…

– Сила-а йолчу машенахь схьахIоьттича, ца тешна-кх Маржан а, цу Iусманан хир вац-кх, хиэташ, шен ден цIе цо Iусман ю аьлча а!

–––––––––––––––––

– Хьуна хезний хилларг?

– ХIун хилла хIинца?

– Вай, Маржана йоIаца ирахьIан веънарг мила хилла ца хаьа хьуна!

– Дера ца хаьа суна-м!

– Вай, дIаяла, сахилале кху юьртах уьссазза чекхдаьлларг ца хезаш хьо муха йисна?

– Ялахь хIинца дийций, сан са а ца дууш!

– Цкъа мацах, вайшиъ маре а яхале, арме воьду аьлла, ваханчуьра, исс шо чохь а даьккхина, Урджарерчу станцехь нуй хьоькхуш лела мича къомах ю а ца хуу и цхьа модийн уьйриг ялош, цIа веъна хилла Супьянан кIант Iусман дагавогIий хьуна, хье ца луш, велир-кх иза, къаьркъа а мелла, дIатаьIначохь, цигаьрках цIе яьлла, дерриг а цIа а догуш…

– Ватта, сан Дела, цу Iусманан кIант ву иза, цу… цу зудчо вина волу?

– Дера ву, и кIант-м иза, ахь зудчо бохучу цу хIумано вина волу, дукха ван а волуш-м! Маржан йоьжна ю а ма боху, иза министран Iусманан кIант ву моьттуш – оццул йолчу машенахь веана хилча, – йоI цуьнца ирахьIан а яхийтина.

– ДIаялахь, иштта чIогIа а дац, Маржан ша а яцара кхин хьена дууш, кхиъна, бIаьста нитташа къийзош, гурахь балгаша естош, лелла ю-кх хьуна и Маржан а!

–––––––––––––––––

– Хьуна дерриг а ма ца хаьа.

– И хIун ду хIинца?

– ЙоI кIантана резахилар… ша цуьнга ца яхийтахь, хьала а оллаелла, лийр ю ша, бохуш, ахIи декъах йоьлхуш ю-м боху…

– Хила деззарг! Дукха ситтира Маржан а, шен ден-ден-ден мацах хилла ши говр южу пайтон юьйцуш, паччахьца хиллачу тIамехь и кхуьнан ден-ден-да шайгахьа ваьлча, поручикан дарж а дела, айкхаллина дина хилла долу и кхардаме совгIат!

–––––––––––––––––

Цхьаболчара иза мацах – кху юьрта веана хилла стаг, – паччахьца хилла тIом бирзича, Iамерке дIаваханчу хьенехан-минехан-синехан кIентан кIентан кIант ву, олуш, даржийра, хIара юрт дIаэца веъна, шайн-шайн цIийна тIе – миллионаш мах хIиттош, – Iамеркан ахчанан билгалонаш а язъеш.

–––––––––––––––––

Вукхара иза говр лохуш ву, бохура, хахка говр эца веъна, шарахь, баттахь, – цкъеллиг цкъа а лийчийна йоцу шайн къена алашаш шовдана тIехь сабанца юьлуш, чопа йоккхуш, кIуж хадош, берг хьокхуш, цIога нисдеш… цунах динбекъа ян гIерташ, иза къонъян, хазъян гIерташ…

–––––––––––––––––

– Вай, цIе яла шайтIан коьртах, цул а хаза ду хьуна хIинца хIара!

– Вай-вай-вай, хIун ду хIай, дийцахь сихха!

– ДIога, дукъал тIехьа Iаш йолу Бакарбика Маржанах лата яхар… мацах – пхи-ялх бутт хьалха – гIала больнице яханчу шен бIагIарчу йоIана «пIийпI» аьлла йолу машен хилла и машен, и кIант шен йоIана веъна а хилла… хьан йоI бохучу цу зуьдо захало дохийна шайн, бохуш, Маржанна а, цуьнан йоIана раз-пурх дена дитти-м боху, Бакарбикас… Маржан едда, кIелхьараяьлла ца хиллехь, и букъ бохалла гIуркх кхеташ а бара ма боху цу Маржанан дегIах!…

–––––––––––––––––

Юрт, гIаьттина, йоьдуш яра, семах хаьдда ворда санна, хьере хилла, жима а, воккха а дIасауьдуш, юьстахвуьйлуш, шабарш деш, вовшех лечкъаш, къайлавуьйлуш.

–––––––––––––––––

И эладита кхин дерза ца туьгуш, бутт а, пхи бутт а, шо а делира, хезна-хезначо шег-шегара кхин а дестош, тIе а детташ, дIадуьйцуш, схьадуьйцуш, юха даржош, даздеш, ворхIе а да хоттала хьоькхуш, тIаккха цигара хьалавоккхуш… кхин масане-масане дара, доллучул а бакъдолуш долу цIенна бакъдерг – машенахь веанчо, корах дIавистхилла, ша Iусманан кIант ву а аьлла, шайн хилла керт хаттар бен – и хоттуш хезна-кх цхьанна! – Маржанан йоIе аьлла кхин цхьаьллиг цхьа дош а доцуш!2019 шо январь

Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).Тахана болхбеш ву "СтелаIад" берийн журналехь коьрта редактор.

КХИН А
XS
SM
MD
LG