Журналисташ ларбарахула комитето кхайкхам бина сихонца дIахеца аьлла, "Черновик" газетан динан декъан редактор Гаджиев Iабдулмумин дIахеца аьлла. Иза лаьцна де хьалха ХIинжа-гIалахь, цо терроризмана ахча делла аьлла а, терроран организацин юкъахь хилла а аьлла шеко йолуш.
Журналисташ ларбарахула комитето дIахьедар дина, террорца йоьзначу артиклашкахула журналисташ хьийзор шуьйра даьржаш хIума ду Къилбаседа Кавказехь аьлла. "Кхин а цхьана журналистана дуьхьал цхьа а доцург долу бехкаш бохкучул, Iедалш дан дезарг дара и газета кхоьллина Камалов Гаджимурад вийна болу нах лахар", - аьлла ду цу комитетан пресс-релизехь.
Оьрсийчоьнан Талламан комитето цкъачунна жоп ца делла Гаджиевн гIуллакхехула динчу жоп дехарна, хаам бина Журналисташ ларбарахула комитето.
Гаджиев лаьцна хилар хиина де хьалха. Цуьнан адвокато Шабанов Арсена хаам бина, журналистан хIусаме хьаьжна хиларх а, цхьа а бакъонца йоцу хIума карийна цахиларх а лаьцна. Адвокато бинчу хаамца, талламхоша дIаяьхьна Гаджиевн телефонаш а, компьютерш а.
Шабановс дийцарехь, талламхошна хета, Гаджиевс ахча дахьийтина аьлла, махкал арахьа вехачу Саситлинский Абу Омарна. Дагестанера цIера волу и стаг бехке веш ву Оьрсийчуьрчу Iедалша, терроран вовшахтохараллашна ахча даларна.
"Черновик" газетан редакцина Гаджиев бехке вар цхьа а доцург ду аьлла хета.