ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан керла куьйгалхо вовзийтина Матовниковс а, Евкуровс а меттигерчу депутаташна


Евкуров Юнус-Бек а (аьрру агIорхьара), Матовников Александр а. Архивера сурт.
Евкуров Юнус-Бек а (аьрру агIорхьара), Матовников Александр а. Архивера сурт.

Къилбаседа Кавказан федералан гонехь президентан векало Матовников Александра а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун дарж дитинчу Евкуров Юнус-Бека а республикан куьйгалхочун ханна декхарш кхочуш деш волу Калиматов Махьмуд-Iела вовзийтина меттигерчу халкъан гуламан депутаташна. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфакс" агенталло.

Хьалхо хаам бинера Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира кхаарин дийнахь, Евкуровца хиллачу цхьаьнакхетарехь къобал дина хиларх лаьцна, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо балхара дIаволуш дина дехар. И цхьаьнакхетар дIадирзинчул тIаьхьа Путина цу республикан куьйгалхочун ханна декхарш кхочуш дан хIоттийра Калиматов.

Калиматов Махьмуд-Iела 2015-чу шеран ГIуран-баттахь дуьйна куьйгалхо вара Росприроднадзоран Самаран кIоштарчу урхаллан. Цул хьалха кхаа шарахь цо болх бира цу кIоштан губернаторан хьехамчан даржехь. 2004 - 2007 шерашкахь Калиматов вара ГIалгIайчоьнан прокурор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG