ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дела реза хуьлда шуна сан воI верна"


Романова Софья

Шайн гергарнаш хIаллакбарна Iедале баркалла олучу нехан муха мах хадабо Нохчийчуьрчу бахархоша?

Сацош дац Нохчийчуьрчу Iедало ша экстремистийн могIара язбинчу нахах доьзалш хербар а, и доьзалш махкахбахар а. Гергарчара шайн наханна неIалт олу сурт дукха тIех даьржина хиларо шеко юьту бахархошлахь.

ДIадаханчу кIирандийнахь Соьлж-ГIалахь некъан полицина тIелеташ вийначу жимчу стеган дас, тIеерзийна телекамераш а йолуш, неIалташ хьежийра, шех дIахадийра воI. Барзаев Олхазар вара иза. Цо баркалла элира полисхошна шен кIант верна, элира, тезет а хIоттор дац ша веллачух. Бохура, ма бойла шега кадам цхьаммо а.

"Суна вина, ас вуьйр а ву…"

2017-чу шарахь, Дечкен-беттан 29-чу дийнахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмерчу аккаунте йиллира цхьа видео – Шелара вахархо Рашидов Мовсар вара шех воI дIахервеш, цунна неIалт олуш. И дара хьалхо Шеларчу полисхошна тIелетта кегийнах шаьш-шайгара ара ца бевлла, уьш Шемахь тIом беш волчу Рашидов Мохьмада ир-кара хIиттийна, Нохчийчуьрчу Iедало аьлча.

Видео буха яздинера Кадыровс: "Рашидовн дас наханна хьалха неIалт аьлла шен кIантанна, кIант велла аьлла хабар кхаьчча, беза кхаъ хир бара шена боху цо".

2015-чу шеран Гезгамашин-баттахь Кадыровс, камершна хьалха а гулбина, емалбира "машанашкахь Иблисан пачхьалкх хестош лела", Шемарчу тIаме кегийрхой кхуьйлу аьлла ша бехкебен нах. Лаьттачу тобананах цхьамма, велхха воллуш, элира, ша дIахерво шех шен воI.

Нохчийчийчохь гергарчаьрга дIатуьйсуьйтурш "экстремист" шайх аьлларш хилла ца Iа, кхача тарло оцу декъазчу тIегIане Iедална цатайнарг милла а.

Масала, кхушара, Охан-баттахь, блогеран Абдурахманов Тумсон Нохчийчуьрчу гергарчара, шаьш иза шайн долара воккху бохура камерашна хьалха. Бохура, чIир а кхайкхор яц шаьш иза вийначунна. "Кадыровхоша" оцу кепехь кечбина ша вен бух, яздира Абдурахмановс шен Telegram-каналехь.

2017-чу шарахь, Гадужу-баттахь, Кадыровна ира критика еш хуьлучу блогеран Алихаджиев Ахьмадан гергарнаш машанехула къамеле бевлира цуьнга. Дуккха а болчу цIийнан нехан хьалханчаша "пайдабоцу хIума" ма леладе, шаьш юхькIайн дита, элира цуьнга. Камерана хьалха лаьттачех цхьамма бохура, "я шича а, я маьхча а, я хIумма а яц хьо тхуна". ТIедожийра блогерна шайн тайпан цIе хийцар.

Кадыровн спектаклехь коьртаниг

Дас Барзаев Ахьмад доьзалх дIахервар шина маьIнехь кхетийна юкъаралло. Олхазара, дас, тIех тIетаIийна неIалт аларо шекбаьхна "бехкечийн" гергарнаш Iедалхоша бигина камерашна хьалха бохучух.

"Кавказ.Реалиино" зийра оцу хьокъехь Нохчийчоьнан могIарчу бахархошна хетарг: стенна оьшу, даггара дуй-те доьзалша шайн стагана неIалт алар?

"ХIара тIаьххьара хилам со шеквоккхуш бу. Дукха хьолехь гуш хуьлу нах кхерийна, тIелоьйтуш буйла. Ткъа кхузахь соьга алалур дац, да лаамза валийна къамелдан, я иза баккъал а лела ишта. Кхеташ ду, атта гIулч яц цо йоккхург, я шен дахарехь уггаре бакъ дешнаш а дац уьш. Мел доккха зен воIа динехь а, иза цуьнан да ву", - боху Соьлж-ГIалин яхархочо Фатимас.

Соьлж-ГIаларчу Индирас инзаре цецъяьккхира ша боху вийначу Барзаев Ахьмадан дас, "тоьар ду цуьнан дакъа цIун хьулъечу ор чу кхоьссича а" аларо.

"Сан коьртера ца долу оцу кIентан ден [Барзаев Олхазаран] дешнаш. Цуьнан дакъа цIун гулъечу ор чу дIакхосса алар. Шен берах лаьцна муха алалур ду иштаниг?" – боху Индирас.

"И тайпа къамелаш кхечаьрга хьалха а дайтина хила мега, ткъа хIинца дерг кхин ду. Цхьаъ делахь, цо [Барзаев Олхазара] ша боху шегахь лаккхара дарж ду. Шена балха тIехь хьовзам ца хилийта боху цо кIантанна неIалт. ШолгIа делахь, мел вон зулам динчунна а олу: "Дала гечдойла!". Ткъа Барзаевс ца боху иза, важа шен кIант воллушехь", - аьлла хета Соьлж-ГIалахь вехачу СаIида.

Нохчийчуьрчу цхьана институтан хьехархо волчу Аслана (цIе хийцина ю – ред.) бахарехь, нах боьлла гергарнаш шайн стагах бахарх.

"Ма-дарра аьлча, Нохчийчохь хIоранна хаа деза, спектаклехь шена меттиг кхачийча, иза декхаре ву делла васт ловзо. Цуьнга пурба а доьхур дац. Амма аттачех яц и спектакль. Идеологи шорйо, кIаргйо цо. ХIара хIинца гайтина спектакл вуно говза ловзийра. Делахь а, шира ю цуьнан сценарий, хьех-мерах чекхъяьлла", - боху Аслана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG