ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьанна лаьа президент хила?


Гилоян Элеонора

Шайн могIаршкара стаг президент хIотто луучу Абхазерчу партешна, тобанашна кху беттан 26-чу дийнахь бакъо елла мехкан харжамийн комиссе кандидатийн цIерш чуяла.

Iуьйранна, Харжамийн Коьрта комисси балхза еана сахьт даьлча, баьхкира тобанех цхьаьннан векалш. "Юкъара гIуллакх" боламера бара уьш, церан кандидат ву Халкъан Гуламера депутат Джапуа Алмас. 40 шо ду президент ваха луучун, махкал арахьарчу бизнесхошна республикера цIенош а, мехкдаьтта а ца дохкийта араваьлла хьийзарца вевза иза.

2016-чу шарахь Сухумна юккъехь иккхира Джапуан машен. Кеп-кепара туьдура хилларг: цхьаболучара – пиар шена еш, цо ша эккхийтина, бохура, кхечарна хетарехь - мехкан бахам генарчу совдегаршна бохка гIертачара эккхийтина.

Лаххара а 2000 куьг лахьо деза инициаторийн шайн кандидатехьа. Политикан партера волчу кандидатна хьашт дац куьйгаш лехьо.

"Харжамийн Коьрта комисси кийча ю партийн а, тобанийн а лаам тIечIагIбан", - элира хьукматан куьйгалхочо Гогия Тамаза.

Бозуш болу а, тIех бозуш боцу а кандидаташ

Беха бу Абхазин президент хила луучийн могIа. Ву царалахь, цхьа зама хьалха Кхерамзаллин Кхеташонан коьртехь Iийча, Iедалх юьстах а ваьлла, 15 шарахь вуьйцу хезна а воцу Тарба Астемир а тIехь.

Карарчу хенахь президент волчу Хаджимба Раулан гонехь вице-премьер лаьттина, масала, кандидат Адзынба Шемал – кхо шо хьалха, бахьана а дуьйцуш, шен лаамехь дитира Iедалера дарж.

ШозлагIа а, президент хила лууш, кандидат ваьлла шина президентан гонехь чоьхьарчу гIуллакхийн министр Iийна Дзапшба Леонид. Хьалха вехха кхелехула цхьана премьер-министрца къийсавелла ву "Абхазчай" фирмин куьйгалхо Отырба Астамур, иза а язвелла кандидаташка.

Цхьанакхеттачу Къамнийн организацин Конвенцин 20-гIа артикл (коррупцина дуьхьалояр) Абхазехь толо гIертарца вевза тахана президентан дарже кандидат язвелла Какалия Астамур.

Уьш бу бозуш боцчу кандидатех цхьаберш. Цхьа Дзапшба Леонид бен вац ша кхоьллинчу партин цIарх президент ваха луучех.

Ала дашна, тахана мехкан коьрта гIант шегахь латточу Хаджимба Раула а хаийтина массийттаза шегара меттиг шена охьайилла цалаьийла.

Гараяьлла оппозици

Шеконехь ду Абхазера оппозици цхьаьнакхета тарло бохург. Iедална дуьхьаллаьттачу политикан партийн блоко кандидаталлехь къобалвина хилла Бжания Аслан дарбан цIийне кхаьчна, чкъачунна цхьа а вац цунна хьалхара къастийна.

Дагалаца деза, Бжания Асланна президентан дарж къовсучехь дакъалаца аьтто беш, кху хене теттина бара харжамаш. Амма хIинца наха кхин башха вуьйцуш а ца хеза иза. Оппозицино шен кандидат ван мега "Амцахара" партин лидер Квициния Алхаз, боху эксперташа. Бакъду, дарж къовса тарлуш ду Бжанияс а.

Наха къаьсттина тидамехь латтадо хьалха президент Iийначу, тахана а дош лелачу парламентан депутата Анкваб Александра аьндерг. Цо цIе яьккхинчу кандидатан лаккхара шансаш хир ю президент хIотта – Анквабера дош лардечара прогнозашкахь хьахаво иттех стаг.

Кандидаташ берраш а къасталур бу тIебогIу бутт юккъе баьлча.

  • Текстехь ю шаьш-шайх пачхьалкхаш кхайкхийначу Абхазехь а, Къилба ХIирийчохь а лела топонимаш а, терминаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG