ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров, Нухажиев – Европера эксперт махка а кхачале: Нохчийчохь сакхташ каро йоллу Европан Кхеташонан Парламент


Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблея
Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблея

Лачкъалуш боцу цабезам буссу Нохчийчоь хьахалушшехь Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеяга а, кхийолчу Европерчу хьукматашка а, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, омбудсмено Нухажиев Нурдис а.

Кху деношкахь Нохчийчохь хир ву Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеян цIарх меттигера адамийн бакъонаш талла а, тIаьхьо Ассамблеяна хьал довзийта а векал вина волу Швабе Франк.

"Нохчийчоь муьлххачу а делегацица къамелдан кийча ю, иза арахьарчу гIуллакхийн министралло магийна йогIуш елахь. Гина ду, лачкъалуш боцу цабезам буссу Нохчийчоь хьахалушшехь Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеяга а, кхийолчу Европерчу хьукматашка а. Хууш ду цара тергал а ца дойла тIом бирзинчу кхечу мехкашкахь оццул сиха балуш а боцу Iаламат баккхий хийцамаш кхузахь бина хилар, гуш бац царна я политикан, я экономикан, я демократин, я социалан хийцамаш. Дерриг а дуьне ду оцу хийцамийн теш, амма яц Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблея а, нохчий цабезаро лаьцна еха Малхбузера хьукматаш а, цара ахча луш болу Оьрсийчуьра церан коллегаш а. Цундела бух бу ала, Нохчийчоь а, иштта Оьрсийчоь а, ирча гайта Iалашо ю церан", - яздина Кадыровс шен Инстаграм-каналехь.

Кадыровна хетарехь, Европерчу хьукматашна "оха тхайн ламасташ а, къоман мехаллаш а юьтийла лаьа, лаь шайн меттанаш, дин, синбахамаш дIатесначу нахах тхо дIаэдан, лаьа борша нах борша ца хилийта, зударий – зударий ца хилийта".

"Стен-боршалла дайинчу нехан пробемех дерг аьлча, иза хабарца кхоьллина ю. Яц иза Нохчийчохь. Тхан божарша зударий балабо, ткъа зударий – божаршка маре боьлху. Хилла ишта эзарнаш шерашкахь, хир ду даима а, Малхбузено тхуна кхин хьехахь а. Дац иза цхьана стеган лаамца доьзна, иза къоман сийлаллин кодекс ю, цуьнца бIешерашкахь баьхна тхан дай, цуьнца деха халкъ тахана а", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

"ОхIла йолчу массо а хьукматаша, бакъоларъярхоша а тIехь, бIеннаш талламаш бина и хIума толлуш", боху бакъдерг лоьхучу тергамхойн хьокъехь Кадыровс.


Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеян векал махка вогIуш хиларца доьзна дIахьедар даржийна Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис а. Темин хьокъехь Нухажиевс боху: "Кадыров Рамзана денйина республика, далург а, цадалург а дина кхузахь дахар кхераме ца хилийта а, токхе хилийта а. Республикан бахархойн баккъал а таро ю шайн бакъонаш низамехь Iалашъяйта".

Маршо Радионо хьалхо довзийтира Нохчийчохь 2016-гIа а, 2017-гIа а шераш дIасакъаьстачу муьрехь "алссам нах хIаллакбарх" лаьцна Москох хIоттийначу пресс-конференцехь бакъоларъярхоша дина дIахьедарш. Европан кхеле даьлла деношкахь Нохчийчохь 2016-2017-чу шерашкахь гергара нах доьза байначу бахархойн дакъа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG