ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьанна пайде ду Эльджаркиевн валар?


ГIалгIайчуьрчу "Э" центран куьйгалхо вийначу меттехь, Москва
Филиппович Екатерина

ГIалгIайчоьнан экстремизмна дуьхьалоечу центран куьйгалхо верах йолу версеш.

ДIадахначу шоьтадийнахь вийна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу «Э» центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша, Москвара лор-нейрохирург Ахьмад а. Хила тарлучу бахьанех лаьцна яздо "Кавказ.Реалиино".

Москвахь, Академикан Анохинан урамехь ларвина киллеро Эльджаркиев. Герз диттинчунна хууш хилла, маца, стенгахь хир ю полицин хьаькаман машен. ХIиттийначу видеокамерша гойту зуламхочо тапча етташ а, иза водуш а. Юьхьанца цо герз детта машена чуьра охьавоьссинчу ИбрахIимна, цул тIаьхьа – цуьнан вешина. «Интерфаксо» бахарехь, лаххара а иттазза кхоьссина киллеро тапча, тIаьххьара а коьртах йиттина, нах билггал лийр болуш. Воьжначохь велла ший а ваша. Ца карийна дIакхоьссина царна йиттина тапча.

Эльджаркиев ИбрахIиман машена чохь, цуьнан ваша воцург, кхин цхьа стаг а хилла. Иза дийна висина, коьрта теш ву хIинца талламчашна.

ТIелеттарг лаца операци кхайкхийра полицино, амма цо хIун жамI делла хууш дац. Динчу зуламца доьзна лохуш ву Iедало кхо стаг.

Baza цIе йолчу, полицина герга ларалучу телеграм-канало яздарехь, тIелеттачуьнца кхин а цхьа стаг а хилла, уьш Iаьржачу «Мазда» машенахь а баьхкина ЭльджаркиевгIар байа. Юьйцу машен тесна карийна зулам динчу меттигна гена йоццуш (юха-юха юхкуш, дуккха а нехан карах чекхъяьлла ю и машен).

«Интерфаксан» хьостанаша дийцарехь, хаьнтIехь Iаьржа асанаш а йогIуш хилла киллерна тIера барзакъ, тIаьIначу басахь хилла хеча а, куй а.

Зуламхой гина стаг левина полицино, цо бахарехь (Baza каналан хаам), ши стаг воьссина «Мазда» чуьра охьа, цхьаъ царех цIечу духарахь а волуш. Ткъа ша зулам дина ваьлча, цIен духар тоьрмиг чу дIа а лачкъийна, шеца волчуьнца цхьаьна Тропаревски урамехьа дIавахана иза.

РБК-н хьостанна хетарехь, хьелаша гойту зулам цхьана кхечу агIоно мехах дайтина хилар. ГIалгIайчуьра хьал дика девзачу «Интерфаксан» хьостано, чIир хила тарло лелларг, боху.

«Кавказский Узел» порталехь йолчу информацица, 2018-чу шеран Iай ГIалгIайчохь шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин кIентакIентан кIант Белхароев ИбрахIим верца доьзна Эльджаркиевца девнехь хилла БатIал-Хьаьжин вирдера нах. Цара «Э» центр бехкейина шайн устазан тIаьхьенах верг верна. Белхороев вийна кIира даьлча, безваш боцчу наха кIело а йина, герз диттира Эльжаркиев ИбрахIиман машенна – иза ца лазийра, ткъа чевнаш йира цуьнца хиллачу полисхошна.

БатIал-Хьаьжин мурдашца юзу полицин хьаькам верах йолчу шайн версех цхьаъ талламо, аьлла хьостано РБК агенталле.

Петарбухарчу, низамхочун даржашкахь бехха белхаш бинчу, «Кавказ.Реалиига» шен цIе цаяккхар дехначу эпсаро а боху Эльджаркиев мехах вейтина хила тарло.

"И гIуллакх шайна тIеэцна киллерш, шеко а йоцуш, профессионалаш бу. Галбовлар сов деза токхур дара цара. Бац уьш карийна хIинца а, яц хаалуш я лар а. Оцо а гойту церан профессионализм. Видеокамераша дукхахдолу зуламаш Iорадоху Москвахь – уьш массанхь а ю», - боху эксперто.

Стаг вейта арабаьхнарш лаккхара корматалло йолуш бу, зулам, цара шайгара тапча цхьаьнхьа дIакхоьссина карийнехь алалур дара ишта, чIагIдо цо.

"Стаг вийначо тапча дIакхуссуш хуьлу, иза цо дан дезарг ду, олу наха. Иза туьйра ду. Профессионало карайойтур яц ша лелийна тапча. Ларамза бен ца нисло ишта», - боху эксеперто.

Хьажа комменташка

Шайн дахар дика хилийта, махкахь хIун хийца деза аьлла хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG