ГIажарийчуьрчу Керманехь инарла Касем Сулеймани дIавуллучу дийнахь вовшийн хьешна 35 стаг велла, 48 лазийна. AP хьостано бина и хаам, пачхьалкхан телевизионан информацина тIе а тевжина. Тезетан барамехь дакъалоцуш бу эзарнашкахь меттигера бахархой. Мукъа де ду аьлла, дIакхайкхийна шинара пачхьалкхан Iедалхоша, яздо "Свобода" Радионо.
Де хьалха Тегеранехь тIаьххьара инарлан Iодикаян гулбеллера бIеннашкахь эзарнашкахь нах. ДоIа дира ГIажарийчоьнан лакхарчу лидеро Хаменеи Iелас. Цул тIаьхьа маьхьарий деттара гулбеллачара "Iожалла Iамеркана" бохуш.
«Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп лучу «Къудс» декъан буьйранча, инарла Сулеймани Касем вийра кху беттан 3-чу дийнахь, Багдадан аэропортехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн кеманашца дIаяьхьначу операцехь. БIеннашкахь Iамеркан салтий байина "коьрта террорхо" лорура Сулеймани Вашингтоно.
Тегеранна веза инарла вара Сулеймани, цуьнца юзура гIажароша Малхбалехь шайн пачхьалкхо дIахьош йолу тIеман компанеш, герга вара иза Iедалан дайшна.
Шинаридйинахь гIажаройн парламенто Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн эскар а, Пентагон а террорхойн организацеш ю аьлла, дIакхайкхийна. Гергарчу Малхбалера хьал марсадаьлла Сулеймани верца.
Инарла Сулеймани Къасем вер Iамерканна дIадекха дош делла ТехIерано. Ткъа Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда ГIажарийчоьнан културан ширачу гIишлошна ракетан тохарш дийр ду аьлла, дIахьедина нагахь санна, вийначу Сулейманех бекхам бан гIортахь.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?