ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Харжамаш тIекхача боьлча догадогIу царна тхо"


Скворцов Глеб, "Кавказ.Реалии"


Доьхна некъаш а, дакъазъяьлла коммуналан система а - ишта беха нах БуьритIерачу бошмашлелорхойн юкъараллех хиллачу ярташкахь

Къилбаседа ХIирийчоьнан коьрта шахьарна гонах, еа а агIор, лаьтта бошмашлелорхойн юкъараллаш – аьлча а, ярташ. Уьш кхоллаелла Советан заманахь, амма шорйина шира Iедал доьхначул тIаьхьа тIебаьхкинчу бахархоша.

Оцу "бошмех" тоьлла кIошташ хилла хIинца, гIалара хьелаш цигахь дацахь а. Контраст хаало ког баькх-баьккхинчохь: лаьтта наха шайн аьттонна йина гIопаш а, царна уллехь тесна йитина лаппагIаш а. Цхьаболучара стоьмаш кхиабо кхузахь, ткъа кхиберш – беха. Олийла дац "бошмех" я юрт а, я гIала а.

Дукха бу иштачу "бошмашкахь" бехачу нехан гIайгIанаш: тIедоьлху некъаш ледара хиларал совнаха, коммуникацеш яц. Еа а чкъурго озош йолу машенаш бен ца яхало цигарчу хIусамашна тIе. Шаьш-шайна битина Iедало цигахь беха нах – ца дойу ахча и тайпа ярташ кхобуш.

Бюджет – юьрто делларг

Бошамашлелорхойн "ДоттагIалла" тоба ю БуьритIехь уггар ширачех, иза коллаелла 1960-чу шерашкахь 100 гектар лаьтта тIехь. 4-6 бIе квадрат-метрах лаьтта цхьана ден латта, дерриг дакъош ду 1800.

Дакъош тIехь биллина беха 450 доьзал. 1200 хиллал бахархой бу уьш. "ДоттагIалла" юрт лара догIу - хIирийн дукхахйолчу ярташкахь а бац оццул дукха нах.

"ДоттагIаллин" бюджет кхоллало хIора бешан дас лучу йолах. Шен хIора квадрат-метр тIера 2 сом дала декхаре ву долахо. 6 бIе кв. метр йолучо охьадилла догIу шарахь юьртан бюджете 1200 сом. И ахча дукха дацахь а, дIа цалурш а бу. Ял хене ца йолуьйтуш, охьаюьллу 60% бошмийн долахоша. Оцу ахчано аьтто бо тIебоьлху некъаш битамехь кхаба а, коммуникацеш латтон а, меттигерчу "Iедална", бухгалтерна, слесарна алапа дала а.

"Халкъ кхузахь шатайпа ду, къоланаш ца хеда. Дукха бу Къилба ХIирийчуьра мухIажирш а. Царалахь дукха бац гIалахь баха таро йолуш – цаьрга балалур бац Iедало петаршкахь коммуналах боккху мах. Ткъа кхузахь дорахо хуьлу дахар", - дуьйцу "ДоттагIаллин" хьалханчас Дзекоев Юрийс.

"Бошмийн" юьртдас гойту "ДоттагIаллера" коьрта урам – цигахь ю цуьнан беш. Лулахо ву Дзекоевн мехкан орцан министраллера цхьа хьаькам, цунна уллехь лаьтта полицера пенсе вахначу полковникан керт. БIаьрг тIехIуттуш дина оцу шимма цIенош. Ткъа царна юххехь гуш ю лаппагIаш, къух даьлла лаьтта цхьадолу дакъош.

"Доккхачу дуьненна" юьстах

"ДоттагIаллехь" кIезиг ю машенаш. Бакъду, урамаш а дац халла ши машен дIасаяххал бен. ГIалин гIовгIанна шаьш юьстах хиларх баккхийбераш бу дуккха а. Амма проблемаш а ю шортта. Коьрта бала бу электросерло ледара хилар.

"Лаьтташ болчу бIогIамех дIа а туьйсуш, серлонаш ехкина шайна наха. Ширъелла тоькан система. Орцан министраллерчу декъо бинчу талламо боху, 80% тоькан система яц лартIехь. Серашна "тIетийсабелларш" совбевлла, кест-кеста йов серло", - дуьйцу Дзекоевс.

"ДоттагIаллин" куьйгалхоша догдохура энергетикан "Россети" урхалло юрт шен балансе эцаре. Амма реза ца хуьлу энергокомпани – ца оьшу цунна совнах бала, харжаш.

"БIогIамаш, серий шун ду, шаьш леладе уьш, боху тхоьга. Со реза вац, тоькан мах къастош хIиттийначу тарифашна юкъабогIу система дIалело биллина мах. Хи латточу "Горводоканалца" а ду изза сурт ", - боху Дзекоевс "Кавказ.Реалиига".

Ткъа некъаш, уьш-м адам дехаш доцчу хотешкахь санна. Йочана хилча, дIаса а ца вахало царна тIехула. Цундела халла реза хуьлу цхьаъ бен "ДоттагIалле" лелаш а йоцчу 27-чу маршруте баха автобусийн дай.

Ши некъ бу юьрта кхочуш, царех цхьаъ бу гIалин кешнашка боьдуш, амма оцу шолгIачух а дола ца до Iедало – даим боьхна хуьлу иза а.

"Кандидаташ богIу, деза къамелаш до… "

БуьритIерачу кхечу 11 бошмийн юкъараллашкахь а го "ДоттагIаллехь" доллу сурт. Оцо декхаребира бошмех хиллачу яртийн хьалханчаш Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочуьнга Битаров Вячеславе, шаьш мел ирчачу хьелашкахь деха хьажахьара, аьлла, дехар дан. Амма хууш дац кехат яздинчарна, мила хьажийна Битаровс гIуллакх талла. Коронавирус яьржина лелачу кху муьрехь тамаша бу шаьш долчу цхьа а вагIахь, боху юкъаралхоша.

"Оха гIала мукъайоккху тхайн гIайгIанех, цо тхайна латто езачу инфраструктурах. Харжамаш тIекхача боьлча догIу тхо дага. Оцу хенахь тхуна дерриг а "хуьулуьйту" депутаташ хинболучара", - леткъа Дзекоев.

БуьритIерачу администрацино шен дан гIо дац бошмех хиллачу ярташна боху. Иштачу юкъараллех лаьцна ду федералан "Бошмех, дIадоьчу лаьттан дакъойх» цIе йолу №217-гIа низам. Оцу низамо гIаланашкара гIо хила деза ца боху, элира шега деллачу хаттарна жоп луш БуьритIерачу мэрехь муниципалан бахамна а, лаьттан ресурсашна а тIехьожучу Чельдиев Георгийс.

Ткъа дуьйцучу низаман 26-чу декъо магадо гIалин Iедална, нахе бошмаш лелаяйтархьама, уьш кхиош гIодан, юкъараллашна ахча дала а, инвестицеш тIеоза а, оцу бахамашка некъаш дахка а, йовхо, хи, серло дIакхачо а.

Делахь а, юьстахара хIусамаш гучохь доцчух тера ду Iедал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG