ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Актеро Ефремовс машенца лазийнарг кхелхина


Актер Ефремов Михаил
Актер Ефремов Михаил

Оьрсийчоьнан актер Ефремов Михаил юкъахь а волуш хиллачу некъан бохамехь лазийнарг велла дарбан цIийнехь, яздо ТАСС агенталло. Инцидент ма хилли дIалаьцна Ефремов медицинан экспертизех чекхваккха вигнера. ТIаьхьо гучудаларца, актер маларх кхетта хилла аьлла, хаам бина Москварчу полицин пресс-гIуллакххойн куьйгалхочо Васенин Владимира. ДIасавалар а дихкина, цIа вахийтина Ефремов, аьлла, тIечIагIдина ТАСС агенталллана ницкъаллийн структурашкарчу церан хьасташа.

Полицино бехкзуламан гIуллакх диллинера Ефремовна дуьхьал некъан низамаш дохорца доьзна, амма цуьнан карах чевнаш йинарг кхелхинчул тIаьхьа, шогачу артиклехь бехк кховдийна цуьнга. Набахтехь даккха 12 шо хан кхачайо цунна оцу артиклехь.

Карладоккху, некъан бохам Iоттабеллера оршотан суьйранна Смоленскан майданахь. Интернетехь Iораяьккхинчу видео тIехь гуш ду, Ефремовс урхалла деш хилла Джипп духьал лелачу машенийн асане а йолий, "Лада" жимачу машенан фургонах кхеташ.

Цу чохь хилла 67 шо долу Захаров Сергей Склифософскийн цIарахчу дарбан хIусаме кхачийнера чолхечу хьолехь. Оьрсийчоьнан зорбан гIирсаша яздарехь, юург дIасакхохьучу компанехь курьеран болх беш хиллера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG