ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саутиева Зарифин лаьцна хан дIаяхйина


 Саутиева Зарифа
Саутиева Зарифа

Кхин а шина кIиранна лаьцна юьту Ессентукерчу кхело гIалгIайн юкъараллин жигархо Саутиев Зарифа. Цуьнан адвокато Дзугаев Билана бина и хаам "Кавказ.Реалиига".

"Зарифин аьтто ца хилла гIуллакхан материалаш йовза, хIунда аьлча, цунна тIекхоьхьуш яц уьш. Хала лайра цо Ессентуке бина некъ. Худаелла иза, гIелъелла. Диабет ю цуьнца. Цхьа къинхетам бу, коронавирусан ун цунах ца хьакхаделла. Кхин а ши кIира даьлча юха а кхеле ялор ю иза", - дийцина Дзугаевс.

Карладоккху, стохка аьхка лецира Саутиева Магасехь Зазадоккху-баттахь хIоттийначу митингехь Iедалхойн векалшна дуьхьал ницкъ баьккхина аьлла, бехкейина. "Росгвардин" итт эскархочунна чевнаш йинера хIетахь.

"Мемориало" дIахьедо, митингехь ницкъбина бохуш бехкала йоьллина Саутиева, ткъа, ма-дарра аьлча, вовшахтийсалурш дIасабохуш хилла ю иза аьлла.

Республикерчу динан дайша а, гIалгIайн тайпанийн кхеташоно а Iедалхошна хьалха дехар динера, цу зудчунна дуьхьал айдина гIуллакх кIаддар доьхуш.

Маршо Радионо яздина ма хиллара, Магасехь хиллачу митингийн 7 декъашхо, шайна юкъахь Саутиева Зарифа а йолуш, Росфинмониторинго хIоттийначу экстремистийн федералан тептаре баьхна оршотан дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG