ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьнан журналист юха а маьттаза вистхилла Путине


Гуьржийчуьрчу "Мтавари архи" телеканалан журналисто Габуния Георгийс юха а маьттаза дешнаш аьлла Оьрсийчоьнан президентех Путин Владимирх лаьцна, яздо "Эхо Кавказа" портало.

Аналитикан "Постфактум" программехь хиллачу монологехь Габунияс иштта дIахьедина, ша даьндаргах кхоьруш вац аьлла.

Журналисто боху, майраллин а, доьналлин а символ шена Кадыров Рамзан вац, Дудаев ДжовхIар ву.

Тбилисехь йоьдучу лерринчу операцехь лаьцна ГIалгIайчуьра 38 шо долу вахархо Боков Васамбек. "Мтавари архи" телеканалан директоро Гварамия Никас бахарехь, журналист Габуния Георгий вен веана хилла иза. Ткъа Габуния вейта Iалашо лаьцнарг Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву, стохка "Рустави-2" телеканалан йоьдучу эфирехь Оьрсийчоьнан президент сийсазвеш журналист вистхилар бахьана долуш.

Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло (СГБ) а тIечIагIдо, шаьш лаьцна Оьрсийчоьнан вахархо цхьанна кIело ян дагахь хилла хилар.

Telegram-каналехула Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар даржийра, ша гуьржийн журналист Габуния Георгий вен Тбилисе вахийтина стаг цигахь лаьцна аьлла баьржинчу хааман хьокъехь.

"Хаамийн гIирсаша, вошашца къийса а къуьйсуш, даржадо Гуьржийчуьрчу ша журналист ву бохучун къамел. Боху, Нохчийчоьнан Iедал иза вен кечделла. Шайн кхолламна дегабаам бинчу нехан туьйранашца сан кIезиг бала бу.

ХIинца боху, киллер лаьцна, иза Кадыровс ваийтинера пекъар-журналист вен. Хаа ду шуна, накъостий, декхар ас тIедиллина делахь, иза дуьсур дац шуна кхочуш данза, къеллехь йохкучу шун пачхьалкхашкахь-м муххале а тийна-таьIIина далур ду иза. Ша хаамийн гIирсийн векал ву бохуш лелачу шун багаеттархочунна чохь са дисина а дац, ша цхьа доккха адам хета цунна.

Амма ас хоуьйту тхаьшна цо тхан Пачхьалкх, тхан Халкъ – цундела со а – сийсаздинийла дицделла доцийла. Ас хьалха аьлла ма-хиллара, Габуния Георгийна, гора а хIоьттина, шена къинхетам бехар тоьлу шегара даьллачунна. Цо цхьа стаг ца вина сийсаз – Оьрсийчоьнан масо а бахархой бина. Гуьржийчоьнан Iедална хьоьху ас и стаг кхетамчу валор. Цунна шена хьоьху ас ша динчух лаьцна ойла яр, шен кхетам меттабалор. Ишта ца дахь, юха а боху ас, сан мостагI ву иза", - яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь.

2019-чу шеран аьхка "Рустави-2" телеканалехь эфир дIахьош, Путин Владимирх лаьцна маьттазчу маттахь вистхилира Габуния. ХIетахь доладелира цунна кхерамаш тийсар. Масала, Кадыров Рамзана, иза «Кавказан воI вац, боьрша а вац", элира. "ДуьнентIехь Путин лоруш миллионаш кегийнах бу. Габуния ворхI кертал дехьа лачкъон веза, хIунда аьлча, дуьххьара иза гиначунна луур ду цунна доггIург кхочушдан", - яздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG