ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада-центран" таллам: Путинах теша 23 процент бахархой


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президентах Путин Владимирах теша 23 процент "Левада-центро" тIаьххьара таллам беш хаттарш делла Оьрсийчоьнан бахархой, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Юьйцург ю "схьадаьстина хаттар" даларан олу методика. Цуьнца а догIуш, бахархошка дехар до шаьш тешачу политикийн а, юкъараллин жигархойн а цIераш яхахьара олий.

Цхьа шо хьалха – 2019-чу шеран аьхка – Путинах теша шаьш элира 40 процента талламехь дакъалаьцначу наха, ткъа 2017-чу шарахь и терахь дара 59 процент гергга.

  • Цуьнца цхьаьна, Путина президентан даржехь болх бар къобалдо талламехь дакъалаьцначу нахах 60 проценто, нисса бIостанехьа жоп делла 33 проценто. Ах шо хьалха и терахьаш дара иштта: 68-31.
  • ТIаьххьарчу беттанашкахь Путинна критика йора, цуьнан коронавирусан эмидемина йолу реакци бахьана долуш. Дуьхьал бара бахархой президентан даржехь виса кхин а шозза цунна бакъо луш Конституцина тIехь бинчу хийцамашна а.
  • Адамаш тешачу нехан тептарехь "Левада-центран" версица кхин дIа бу премьер-министр Мишустин Михаил а, ЛДПР партин лидер Жириновский Владимир а, тIеман министр Шойгу Сергей а – царах теша хIораннах а 10 процент респонденташ. Хаьттинчерах 3 проценто жоп делла лаьцна а, балхара дIаваьккхинчу Хабаровн мехкан губернатор хиллачу Фургал Сергейх теша шаьш аьлла.
  • Оццу талламехь респонденташка деллера даима а луш долу нийсачу новкъа йоьдуш юй пачхьалкх аьлла хаттар. 42 проценто жоп делла "хIаъ" аьлла, мохк нийса боцучу новкъа боьдуш бу аьлла хета 40 процент талламехь дакъалаьцначарна. 18-на дала жоп ца карийна.

ВЦИОМ олучу кхечу, Iедалшна муьтIахь лоручу Оьрсийчуьрчу социологин сервисо а довзийтина, "схьадаьтина хаттар" а хIоттийна, ша бинчу талламан жамIаш. Цаьрца а догIуш, Мангалан-баттахь лаьрча Путинах тешаш бу Оьрсийчохь 28,6 процент бахархой. Стохка, "схьайиллинчу" методикица Путинан рейтинг охьаялайолаелча ВЦИОМ-о коьрте яьккхира "хьулйина" методика. Цу методикица респонденташна кхаж таса кховдайо хьалххе билгалбаьхначу политикийн цIераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG