ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ Сенат: вежарий РотенбергъгIара, сурташ а оьцуш, кIелхьарбовлуш хилла санкцешна


Ротенберг Аркадий а, Путин Владимир а
Ротенберг Аркадий а, Путин Владимир а

Оьрсийчуьрчу миллиардераша вежарша Ротенберг Аркадийс а, Бориса а пайда эцна сурташ а, кхийолу а исбаьхьаллан хIуманаш юхкучу аукционех, Америко кхайкхийначу санкцешна кIелхьарбовла. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенато кечдинчу репортехь, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Оьрсийчоьнан президентана уллера и миллиардераш 2014-чу шарахь дуьйна Американ санкцешна кIеллахь бу. Царна дихкина ду Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу компанешца махбар. Делахь а, Сенато бинчу хаамца, РотенбергъгIаьрца уьйраш йолчу кхаа харц компанино 18 миллион доллар эцна цхьацца коллекционерашкара а Америкерчу аукционашкахь а исбаьхаьллин хIуманаш. Ткъа санкцеш кхайкхийнчхьана бизнесхоша финансийн операцеш йина 90 миллион доллар ахчан барамехь.

РотенбергъгIара эцначу суьрташна юкъахь ду, бохуш дуьйцу снаторша Брак Жоржан а, Шагал Маркан а, Магритт Ренен а белхаш. Талламхоша къастийна бизнесхоша Америкехь шаьш лелочунна юкъаозийна хилар Москвара арт-диллер а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахо Бальцер Григорий а. ЧIагIдарехь, Бальцера кхоьллина хилла харц (фейкан) фирма. Цу кепара РотенбергъгIара эцна лаххара а 16 сурт, аьлла ду репортехь.

The Wall Street Journal-о яздарехь, аукционан хIусамийн долахоша баш тергал ца до шаьш духку суьрташ эххаре а оьцуш верг мила ву бохург. Билггал оцунах пайда эцна РотенбергъгIара.

Ауционан хIусамийн векалша дIахьедар дина Бальцера суьрташ оьцуш шайн цхьа а хаттар ца кхолладелира аьлла. Коьрта эцархо арт-диллер вара, цо мах белира шен доларчу чоьташна тIера, боху цара. Амма сенаторшкахь болчу хаамца, Бальцеран счета тIе ахча дахьийтинарг ю РотенбергъгIеран фейкан фирма. Бальцеран адвокато дIахьедар дина, шен клиент цхьа а юкъаметтиг йолуш вац Оьрсийчуьрчу миллиардерашца аьлла.

РотенбергъгIеран векало аьлла, Сенатан репорт цхьа а доцург ду аьлла. Цо дийцарехь, цара цхьана а гIирсах пайда ца эцна Америко кхайкхийначу санкцешна кIелхьардовла.

  • РотенбергъгIара Аркадий а, Борис а дукха хенахь дуьйна вевзаш ву Путин Владимирна. Школехь доьшуш болуш уьш цхьаьна, цхьа тренер а волуш, лелла дзюдон секце. Ротенберг Аркадийна Къинхьегаман турпалхо цIе елла Путина, "ГIирмера тIай деш ша-тайпа къинхьегаман жигаралла гайтарна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG