ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан кхеташоно санкцеш кхайкхийна Оьрсийчуьрчу 4 стагана кибертIелатаршкахь дакъалацарна  


Евробарто еарин дийнахь визийн а, финансийн а санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнан тIеман талламан сервисан структурина дуьненерчу тайп-тайпанчу меттигашкахь шуьйра кибертIелатарш дарехь дакъалацна хиларна. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" портало.

Исторехь дуьххьара киберзуламаш дарна Евробартан санкцеш хьакхаелла Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн Коьртачу Талламан урхаллан (ГРУ) лерринчу технологин Коьртачу центрах.

Европан Барто бехке йо и леррина сервис 2017-чу шарахь Европерчу компанешна дуьхьал, финансашца доьзна зе а деш, ши кибертIелатар дарна. Сервис иштта бехке еш ю 2015-чу а, 2016-чу а шерашкахь Украинин энергетикан системина ши кибертIелатар дарна а.

Санкцийн тептарна юкъавахана Оьрсийчоьнан тIеман талламан сервисан 4 белхахо, дIаьвшен герз лелор дехкарехула йолчу вовшахтохарна Нидерландашкахь 2018-чу шарахь Оханан-баттахь кибертIелатар дарна.

Санкцешна юкъахь ду Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашка уьш ца бахкийтар а, активашна блок хIоттор а. Евробартерчу компанешна а, шайна болх бечу нахана а, кхечу вовшахтохараллашна а доьхкуш ду оцу тептарна тIехь болчу нахана ахча хьажор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG