ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Помпео Майк: "Беларусин халкъана пайде а долуш, хьал дерзийта лууш ду тхо”


GRAB Mike Pompeo

Прагехь визитаца волчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаро Помпео Майка Марсхьокху-беттан I2-хь интервью елла Радио Маьрша Европа/Маршо Радио медиакорпорацин корреспондентана. Помпеос емал дина Беларусин Iедалша президентан харжамаш хилале хьалха а, харжамаш хиллачул тIаьхьа а лелийнарг а, ткъа иштта низамаш лардочу органаша маьрша акцийн декъашхошна ницкъбар а.

Муха Iаткъам бийр бу цо Американ а, Белоруссин а хир йолчу юкъаметтигашна - ша аьлча Американ мехкадаьтта Беларусе даийтарна а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн векал Минске ваийтарна а?

– Оха и хаттарш къасто дезар ду. Тхан вуно сагатдеш ду харжамашца доьзна хьал, тхо вуно догдоьхна ду уьш маьрша а, нийса а ца хиларна. Тхан хьалха а дийзира цу тайпаниг ган, хала хета цу тайпаниг хуьлуш хиларна. Тхуна гуш ду ницкъбар а, цуьнан тIаьхьалонаш а; маьрша демонстранташна дуьхьал лелош ду леладайта йишйоцург. Оха хIинца а сацам ца бина оцу хьолана муха реакци йийр ю бохучу хаттарехь, амма сан ала цхьаъ ду: оха цхьаьна болх бийр бу тхайн Европерчу доттагIашца, маршо лоруш болчу, хуьлург бахьана долуш синтем байна болчу. Тхуна луург ду хIоьттина хьал дIадерзар, Беларусин халкъана пайде а долуш, цул тIаьхьа хIоьттинчу хьоле хьаьжжина лелор ду оха лело дезарг.

– Евробартан векалш санкцеш хьехош бу. Аш хьехош юй уьш, шаьш дийриг дерг дийцаре деш?Мехкадаьтта дохкар сацо мегаш дуй?

– Кхеташ ду, йийцаре йир ю ерриг а варианташ. Кзузахь мехала ду критереш билгалъяхар. Билггала хIун далур ду – дуьйцург кхузахь Америко шен агIор дийр дерг хилла ца Iа, дуккха а агIонаш дакъалоцуш а йолуш лелондерг ду дуьйцуш, Беларусин халкъан аьтто бан. Санкцеш хир ю я яц а, я мехкадаьтта дохкар сацор ду я дац бохучух йист яккха езар ю. ХIинцца хилла бу харжамаш, хьовсур ду вай хьал муьлхачу агIор доьрзур ду.

– ГIажарийчоьнах лаьцна дийца вай. Цхьаьнатоьхна Штаташ дагахь ю Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоне некъ кховдо цу пачхьалкхана герз дохкарца кхайкхийна эмбарго кхин а дIа яхъяйта. Дуккхахболчарна Оьрсийчоьно а, Китайно а цунна тIе вето юьллур ю аьлла хета. Дийцарехь, аш иза иштта хилахь гIулч юхайоккхур ю гIажарошца зарратан барт барца йоьзна, и барт бахьана долуш дIаяьхна йолу Американ санкцеш юха а кхайкхош. Амма цу тайпачу гIулчаша дуьхьало яр гIаттор ма ду, иштта дац иза?

– Кхузахь мехала ду кхин. Со тахана Чехехь ву. ГIажарийчоь баккъалла а кхераме ю Европина. Тхуна гина цара кхузахь лелийнарг, леррина нах байитар хила мегаш дерг ду. Ерриг а Европехь низамаш лардочу органаша теллира иза. Европина хетарехь зарратан герз дан лууш йолчу ГIажарийчоьнна гIортор яр цхьа а доцург ду. [ГIажарийчоьнна герз дохкар доьхкуш Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло кхайкхийна] эмбарго цхьана ханна кхайкхийна ю. [Цуьнан хан чекхйолуш ю] ГIадужу-беттан 18-хь. Хьалха хиллачу (Американ) администрацино куьг таIийна цунна тIе. Тхуна хала хета иза, амма тахана дуьненаюкъаралла цхьаьнакхета езаш ю.

– Амма цхьа а цхьаьнакхетар хуьлуш ма дац?

– ГIажарийчоь кху дуьнентIехь уггар йоккха спонсор ю терроризман.

– Ю, амма Европерчу шун коллегашна иштта ца хета, иштта дуй иза?

– Суна хетарехь, уьш цуьнах кхеташ бу. Суна хетарехь, царна гуш ду хуьлург, со сатесна ву цара Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллехь цу кеппара кхаж тосур бу аьлла.

– Амма шуна ца хета…

Оха кховдийна резолюци – иза дехар бен дац герз дохкарна эмбарго кхин дIа а йитахьара аьлла. Дерриг а дукха дика гуш ду.

– Ду, амма …

– Тхайн и Iалашо чекхяккха оьшург дан дагахь ду тхо.

– Цуьнца доьзна Европерчу партнёрашца конфликт хир ю аьлла ца хета-кх шуна?

– Тхуна хаьа, ГIажарийчоьне герз кхача мегаш хиларна тхо саготта хиларх уьш кхеташ буй. Церан дукха атта кеп ю ГIажарийчоьнна герз эца а, дохка а дехка – Кхерамазаллин Кхеташонехь цара "хIаъ" аьлла кхаж таса беза, цул тIаьхьа ГIажарийчоьнан аьтто хир бац герзана тIекхача.

– Амма иза хир ма дац, нагахь Оьрсийчоьно а, Китайно а вето кхайкхаяхь.

– Тхан аьтто бу Кхерамазаллин Кхеташоне кхайкхам бан, 2231 номер йолчу резолюцина тIе а тевжаш. Американ а, Британин а, Францин а аьтто бу иза дан, цу кепара эмбарго кхин дIа яхъеш. 2231 резолюцино бакъо ло иза дан. Цу хаттарехь вуно хадам боллуш ойла йолуш ду тхо. Хьовса ГIажарийчоьнан лулахошка. Хьовса Iаьрбийн пачхьалкхашка. Хьовса Израиле. Уьш массо а гIортор еш бу цу хаттарна. ХIунда?

– Делахь а, хIун дийр ду аш, цунна тIе вето йиллахь?

– Оха юха а юкъайохур ю санкцеш. 2231 резолюцино бакъо ло тхуна иза дан, оха цунах пайда а оьцур бу.

– Дика ду. Хьоьга хатта лаара суна, нисса дIа Маршо Радиох а, "Америака аз" медиапорталах а хьакхалуш долчу Оьрсийчоьнан арахьарчу агентех лаьцначу низамах лаьцна. Iедалша пайда оьцу цунах Оьрсийичохь вуно церан болх халчу баккха. Ахь вуно луьра емал дира иза, амма Оьрсийчоь иза кхин дIа а лелош ю. ХIун гIулчаш яхалур ю шоьга Оьрсийчохь болх бан тхан аьтто кхин дIа а хилийта?

– Ас цкъа а хьалххе ца хьехабо, тхайга тIеэцалур боцу сацамаш. Амма, ахь тидам тIебахийтина ма хиллара, оха емал дина и низам. Цул сов, оха дуккха а кхийолу санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнна, цо доттагIаллица догIуш доцу кхидерг а лелорна. Оха тхайн тидамехь латтош ду хьал. Тхо сатесна ду ерриг а дуьненаюкъаралло тхайна гIортор яре. Тхо сатесна ду пресса маьрша хилар деза хетачу кхечу пачхьалкхаша тхайна гIортор йийр ю аьлла. Бозуш боцчу журналисташа хаттарш ло, наггахь уьш оцу пачхьалкхийн лидершна ца дезахь а.

Баккъалла а Iаткъам барца пресса [Оьрсийчохь] маьрша хиларе вай кхачалур ду, аьлла хета тхуна. Тхуна хаьа дIаяхначу хенахь цуьнца йоьзна проблемаш хиллий, амма оха цуьнца къийсам латтор бу кхин дIа а, болх бийр бу иза кхочуш хилийтар Iалашонца, цхьаьнакъахьоьгур ду тхайн партнерашца, масала, Маршо Радиохь болх бечаьрца, тхайн позицех кхетош, тхуна оьшург Оьрсийчуьрчу халкъана нийсо хилар бен тхайна кхин хIумма а ца оьшу ала, адамийн аьтто хилийта бакъйолчу информацина тIекхача, царна иза лаахь.

– Делахь а, цкъачунна Оьрсийчоь кийча яц цу кеппара позици лаца. Американ талламан сервисо дийцарехь, Оьрсийчоьно талибашка а, церан ОвхIанистанерчу бертахошка а ахчанаш кхийлош хилла хIора вийначу Американ салтичунна дуьхьал. Хаам бара, ахь и хаттар дийцаре дина, бохуш, хьайн Оьрсийчуьрчу коллегица Лавров Сергейца. Сан хаттар иштта ду: шу шаьш теший талламан сервисан оцу хаамех?

– Тхан комментареш еш Iедал дац Американ талламан сервисо бечу балхана, нагахь цхьана ук сервисан хьастанна шегахь бакъйолу информаци ю аьлла хетаделлехь а. Тхан позици иштта ю: нагахь Оьрсийчоьно америкахой, ткъа иштта Малхбузерчу пачхьалкхийн махкахой байъа ахча кхийдадахь, иза дарна беза мах бала безар бу. Билггал и ойла яра ас арахьарчу гIуллакхийн министре Лавровга дIакхачийнарг. Суна хаьа тхан тIеман буьйранчалло и хаттар дийцаре дина хилар шайн Оьрсийчуьрчу коллегашца. Оха могуьйтур дац цу тайпаниг.

Вуьшта аьлча, ахь дийцира цунах лаьцна Лавров Сергейга. И информаци мел лаххара а теша мегар долуш ю аьлла хетий хьуна?

– Оха шеко йоцуш дIахаийтина тхайн позици. Вайна массарна а дагайогIу истори. ДIаяхначу хенахь Оьрсийчоьно герз латтадора талибашна. Иштта дуй иза? Вайна хаьа тахана царна герз латтош ГIажарийчоь хилар. Уьш факташ ю. Оха кхетийна тхайна луучух. Ткъа оха дерриг а дийр ду хIара Американ салти, я чехийн салти, я кхин волу "Хадаме гIортор” операцин декъашхо ларван. Iалашван. Оха хIинцале а деш ду иза. Оха иза стохка а дира, кхушара а дийр ду.

– Президента Трампа дукха хан йоццуш шен интервьюхь элира, Путин Владимирца телефонехула дийцарш ша дIадахьале хьалха шега цуьнах лаьцна хаам цабинера аьлла. Цуьнга иза хаийта оьшуш дацара?

– Иза КIайн ЦIийнехь болчаьрга леладайтахь, уьш битахь шаьш президенте хьа, хIун аьлла я ца аьлла бохург къийса. Сан хьога ала таро ю сайна гинарг: президентан Трампан командера къоман кхерамазаллица доьзначу хаттаршкахула волчу муьлхха а декъашхочуьнан аьтто бу, цунна тIе а вахана, ала: "Сэр, сан цхьацца кхерар ду. Вай тоам болоуш деш дац вай хIокху хаттарехула деш дерг. Вайн аьтто бу алсамо дан. Кхузахь цхьа риск хила мега". Президента забар йоцуш тIеоьцу цу тайпа дешнаш. Ишттаниг нисделча тхан реакци шен метта хилла ца Iаш, эвсаралла йолуш хуьлу вайн адамийн кхерамазалла ларъярехь.

– Маршо Радионо болх бон цхьайолу пачхьалкхаш авторитаран ю, ткъа дерриг дуьнентIехь вуно забар йоцуш тIеоьцу Америко цигахь хуьлург бахьана долуш критика яр. Делахь а, Америкехь кхушара хуьлуш йолчу дуьхьалонан акцешна Америко еш йолу реакци а гуш, цхьаболчу комментаторша хоьтту: Портлендан урамашкахь адамаш чукхуьссуш хилча тIехь билгалонаш йоцчу машенашна, йохам-м ца йо-те Американ моралан авторитет, цо авторитаран режимашка аш лелош дерг нийса дац бохуш хилча? Зен ца до-те цо Американ имиджана?

– И тайпа хаттар цу кепара хIоттор а сий доцуш ду. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна а, авторитаран режимашна а юкъара башхалла гуш ю. Вай долчехь бакъо коьрта хилар ду, маьрша пресса ю, нийсонан кхел ю. Маьрша демонстрацеш хуьлуш вай меттиг билгалйоккху, адамашка шайна хетарг алийта. Дуста иза авторитаран мехкашкахь хуьлучуьнца. Цу тайпа дустарш дар, ерриг а Америкехь вайн низамаш лардочу ораганаша беш болу болх шеконе биллар – ас, баккъалла а боху, цу тайпа хаттар хIоттор цхьа а доцург а, сий дайар а хета, дIахьедира Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаро Помпео Майка.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG